‏ Isaiah 13

Бавелна бекхам бар

1 aХӀара бу Амосан кӀантана ЕшаӀ-ЯхӀуна Бавелах лаьцна гучубаьккхина болу хаам.

2«Берзинчу лам тӀехь байракх айа, айинчу озаца тӀемалошна омра де. Куьг ластаде цаьрга, уьш хьолахойн кевнашна чугӀортийта. 3Айса дӀакъастийначаьрга омра дина Аса, Сан дозаллех самукъадолуш болчу Сайн тӀемалошка кхайкхира Со Сан бекхам кхочушбе аьлла.

4ЛадогӀа, лаьмнашкахь гӀовгӀа хезаш ю – адамийн йоккхачу тобанан гӀовгӀа! ЛадогӀа, пачхьалкхашна юкъахь гӀовгӀа хезаш ю – къаьмнаш цхьаьнакхетаран гӀовгӀа! Массо а ницкъийн Веза Эла доккха эскар хӀоттош ву, тӀом бархьама. 5Генарчу махкара, дуьненан йистера, схьавогӀуш ву Веза Эла Шен бекхам баран герзашца, дерриг а латта хӀаллакдархьама.

6 bДелха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хӀаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. 7Цундела массеран а куьйгаш, чуьра са дӀадаьлча санна, охьагӀур ду, хӀораннан дог, Ӏадийна, дешар ду. 8Уьш кхерабелла хир бу, чӀогӀачу лазарша дӀалоцур бу уьш. Бер деш йолу зуда санна, хьийзар бу и нах. Йогучу яххьашца, цецбевлла, вовшашка хьоьжур бу уьш. 9ХӀинца оьгӀазаллица а, йогучу дераллица а тӀедогӀуш ду Везачу Элан буьрса де. Лаьттах яьсса аре ян а, цу тӀера къинош летийнарш дӀабаха а догӀуш ду и де. 10 cСтигаларчу седарчаша а, седарчийн тобанаша а шайгара серло лур яц. Ша хьалагӀоттуш, малх кхоьлина хир бу, батто а шен серло лур яц.

11Ас дуьненна таӀзар дийр ду цо динчу вонна дуьхьал, ткъа Ӏесачарна шаьш летийначу къиношна доггӀург дийр ду. Ас курачийн дегалла дӀайойур ю, ницкъбечеран деза деттар сийсаздийр ду. 12Дийна бисина нах цӀеначу дешил сов кӀезиг хуьлуьйтур бу Ас, Апарера деъначу дешил а кӀезиг адамех диснарш дийр ду Ас. 13Берриг а ницкъийн Везачу Элан дералла бахьана долуш, Цуьнан чӀогӀачу оьгӀазаллин дийнахь, Цо стигал ластор ю, латта а ша долчуьра меттахдер ду.

14ТӀаккха хӀорра а, эккхийна сай санна, дӀатесна дитина уьстагӀий санна, шен халкъана тӀе гӀур ву, шен махка водур ву. 15Амма каравеъначунна гоьмукъ чекхбоккхур бу, схьалаьцнарг туьро вожор ву. 16Церан бераш царна хьалха хьошур ду, церан цӀеношкахь талораш дийр ду, церан зударий сийсазбийр бу.

17Ас царна дуьхьал мадайхой
Мадайхой – уьш Бавел-махкана къилбаседе-малхбалерачу къомах бу. ТӀаьхьо и къам парсихойн пачхьалкхана чудогӀура.
бохур бу, ткъа цара дети а ца лору, иштта деших а дезар ца оьцу.
18Церан Ӏедаша кегий нах эгор бу. Аганара бераш а кхоадийр дац цара, берех а къинхетам бийр бац цара. 19 eБавел-махках лаьцна аьлча, иза пачхьалкхийн хазалла а, хашадхойн дозаллин исбаьхьалла а ю. Амма Бавел-гӀала, Седам а, Ӏамор а санна, Дала хӀаллакйийр ю. 20Абаден абаде даллалц, бахархой хир бац цунна чохь, массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашкахь цигахь стаг Ӏийр вац. Ӏаьрбичо шен четар а хӀоттор дац цигахь, шайн жеца садоӀуш Ӏуй а Ӏийр бац. 21 fАмма яьссачу аренан акхарой лелар ю цу чохь. ЦӀенош бухӀанаша хьаладузур ду. Страус-олхазарша бенаш дийр ду цигахь, уьдуш акха гезарий а хир ю. 22Акха жӀаьлеш угӀур ду дӀатесна йолчу цуьнан бӀаьвнашкахь, ткъа чангӀалкхаш – цуьнан исбаьхьачу гӀаланашкахь. Иза хиндолу хан гергакхаьчна, ткъа цуьнан денош дахдийр дац».

‏ Isaiah 14:1-23

Йийсаре дӀадигначуьра халкъ юхадерзар

1Везачу Эло Якъубан тӀаьхьенах къинхетам бийр бу, Исраилан халкъ юха а Шен халкъ санна схьакъастор ду Цо. Шайн лаьтта тӀехь исраилхой баха ховшор бу Цо. Кхечу къаьмнех болу нах царах дӀакхетар бу, Якъубан тӀаьхьенах хотталур бу уьш. 2Къаьмнаша исраилхошна гӀо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тӀаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тӀехь, леш а, гӀарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хӀинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гӀело йиначарна тӀехь цара хӀинца олалла дийр ду.

Бавелан паччахьах кхаьрдаш долу илли

3Везачу Эло хьайн баланах а, гӀайгӀанах а, луьрачу лоллех а хьо, Исраилан халкъ, кӀелхьардаьккхинчу дийнахь, 4Бавелан паччахьах кхардаран илли эр ду ахь:

«Ницкъ бийриг вала ма велла! Цуьнан дералла дӀа ма сецна!
5Ӏесачу паччахьийн олалла гойту гӀаж Везачу Эло кагйина. 6Оцу олахоша шайн оьгӀазаллица халкъашна ца соцуш тухура, шайн дераллица къаьмнаш муьтӀахь дора, царна ницкъ бар юха а ца узуш. 7Дерриге а дуьнен тӀехь машар а, сашорте лаьтта. Массара а хазахетарца маьхьарий детта. 8Баганан диттийн хьо дӀаваларх самукъадолу, ткъа Ливанунера дитташа хазахетарца боху: „Хьо дӀакхелхинчул тӀаьхьа, цхьа а ца вогӀу тхо, хедош, охьадетта“.

9Лахахь долу эхарт карзахдаьлла, хьуна, цига лаха хью ваьлча, дуьхьалхӀоттархьама. Хьуна лерина, цо беллачийн синош самадаьхна – дуьнен тӀехь баьччанаш хилла болчийн синош. Кхечу къаьмнийн паччахьаш хилларш шайн гӀанташ тӀера гӀиттийна цо. 10Цара бохур ду хьоьга: „Тхо санна гӀорасиза висина хьо а! Тхох тар ма велла хьо!“ 11Дечиг-пондарш лакхарца хьо лакхаваккхар хӀинца лахахь долчу эхарта чукхоьссина ду. Хьуна кӀелахь а, мотт-гӀайба хилла, нӀаьний хир ду, хьуна тӀехула а, юргӀа хилла, нӀаьний хир ду.

12 gСтигалара охьа ма воьжна хьо, Ӏуьйренан сирла седа! Дитт санна лаьттара ма хьаькхна хьо, хьалха халкъаш эшош хилларг! 13 hХьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гӀант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тӀехь охьахуур ву со. 14Стигалан Ӏаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дӀатарлур ву со“. 15Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Ӏинан бухе кхаьчна.

16Хьо гуш берш, хьоьга а хьоьжуш, ойла еш бу: „Иза вуй те и стаг, латта дегийнарг, пачхьалкхашна тӀе кхерам тийсинарг, 17гӀаланаш а йохош, лаьттах яьсса аре йинарг, шен йийсархой цӀа ца хецнарг?“

18Къаьмнийн кхиболу паччахьаш берриш а сийлаллица Ӏохкуш бу, хӀора а шен къубба чохь Ӏуьллуш ву. 19Амма хьан къубба яц, пайденна доцу га санна, аракхоьссина ву хьо. Хьо байинчеран декъех кхелина ву, туьро Ӏоьттинчарна а, Ӏинан тӀулгашка охьадиссинчарна а юкъахь Ӏуьллуш ву хьо. Ткъа хьан дакъа хьоьшуш ду. 20Вукху паччахьех дӀакхетар вац хьо кошахь, хӀунда аьлча хьайн латта дакъазадаьккхина ахь, хьайн халкъ а хӀаллакдина. Цкъа а хьахор яц зуламхойн тӀаьхье. 21Цуьнан кӀентий байа меттиг кечъе. Уьш хӀаллакбийр бу церан дайн къинош бахьана долуш. Цаьрга, гӀовтта а гӀевттина, латта дӀа ма лацийта, дуьне гӀаланех хьала ма дузийта».

Бавел а, Ашур-мохк а бохор

22«Царна дуьхьал гӀоттур ву Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Бавелан халкъан цӀе а йойур ю, ерриг а тӀаьхье а, кӀант а, кӀентан кӀант а хӀаллаквийр ву, – боху Везачу Эло. – 23Бавел зуьнашна дӀалур ю, цигахь уьшал хӀоттор ю. Ондачу девзагца хьаькхна дӀайоккхур ю Аса иза», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
Copyright information for CheCAC2012