‏ Isaiah 14:13-15

13 aХьайн дагахь ахь бохура: „Стигала хьала а ваьлла, Делан седанел а лакхадоккхур ду ас сайн гӀант, къилбаседанан йистехь болчу деланийн кхеташонан ломана тӀехь охьахуур ву со. 14Стигалан Ӏаьрчашка хьала а ваьлла, Веза Воккхачух дӀатарлур ву со“. 15Амма хьо эхарта чукхоьссина, хьо Ӏинан бухе кхаьчна.
Copyright information for CheCAC2012