Isaiah 14:24-27
24 aМассо а ницкъийн Везачу Эло чӀагӀо йира: «Аса ойла ма-ярра хир а ду, Аса сацам ма-барра, кхочуш а хир ду. 25Сайн махкахь ашурхой хӀаллакбийр бу Аса, Сайн лаьмнашкахь уьш хьошур бу Аса. Ашурхойн дукъ Сан халкъана тӀера дӀадер ду, церан белшаш тӀера беза мохь а дӀабер бу». 26Иштта хир ду дерриг а дуьненна лерина къастийнарг, массо а халкъана тӀехула лаьцна Везачу Элан куьг а ду, 27хӀунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло къастийнарг хьаьнга дӀадаккхалур ду? Цо кховдийна куьг хьаьнга сацалур ду?
Copyright information for
CheCAC2012