Isaiah 14:29-31
29 a«Доккхадеш ма хила, пӀелаштамхойн халкъ, хьайна ницкъ беш хилла гӀаж кагъелла алий. Оцу лаьхьанах дӀаьвше кӀорни хир ю. Орамал стом вон хиларе терра, лаьхьанан хӀоьах кхераме саьрмик хир ма бу. 30Мискачарах уггар кӀезиг берш, жа санна, бежаш хир бу, ткъа къенаш, уьстагӀий санна, кхерам боцуш Ӏохкур бу, амма шун орам, мацалла а хӀоттийна, хӀаллакбийр бу Аса, ур-атталла цунах кӀелхьарваьлларг а лийр ву. 31Делха, гӀалин кевнаш! Орца даккха, гӀаланаш! Кхерамах дешна хила, шу массо а пӀелаштамхой! Къилбаседера, кӀур а гӀаттийна, эскар догӀу, цхьа а гӀийланиг вац цу бӀаьна юкъахь.
Copyright information for
CheCAC2012