‏ Isaiah 25:10-12

Муабина таӀзар дар

10 aВезачу Элан куьг Цийон-лома тӀехь ду, амма Муабин къам ша Ӏаш долчу меттехь хьоьшур ду, кхеллин ор чохь ча хьашар санна. 11Нека дечо санна, цо куьйгаш тийсахь а, Дала цуьнан дозалла дар лахдийр ду цуьнан куьйгийн мекараллица цхьаьна. 12Цуьнан лекхачу пенийн чӀагӀо лаьтта а йожийна, чена юккъе охьайожор ю Везачу Эло.
Copyright information for CheCAC2012