Isaiah 37:21-38
ЕшаӀ-ЯхӀугахула Дала делла жоп
(ТӀаьххьарнаш 19:20-37)
21Амосан кӀанта ЕшаӀ-ЯхӀус Хьузакх-ЯхӀуга хабар дахьийтира: «Исраилан Везачу Дала боху: „Ахь Соьга ашурхойн паччахьах Санхьарибах лаьцна доӀа дарна, 22хӀара ду Везачу Эло цунна дуьхьал аьлла дош: ‘Емалъеш, йоьлур ю хьох Цийонан йоӀстаг,Ярушалайман йоӀа хьуна тӀаьхьа цаяшарца куьг тосур ду.
23Мила ву ахь емалвинарг а, сийсазвинарг а?
Хьанна дуьхьал аз айдина ахь,
Хьанах ца вешаш хьайн бӀаьргаш хьалаайина?
Исраилан Везачу Далла иштта дуьхьалваьлла-кх хьо!
24Веза Эла емал а веш,
хьайн геланчашкахула ахьа бохура:
‹Сайн дуккха а йолчу гӀудалкхашца
ломан лакхенашка хьалаваьлла со,
Ливанунан уггар лакхарчу регӀа тӀе.
Цуьнан уггар а лекха баганан дитташ а,
тоьлла долу зоьзан дитташ а хедийна аса.
Цуьнан уггар а генарчу меттигашка а,
къаьсттина юькъачу хьуьне а кхаьчна со.
25Хийрачу мехкашкахь гӀунаш схьа а йостуш,
царна чуьра хи мийлина аса.
Сайн когийн айрашца Мисар-махкара
дерриг а хиш лакъийна аса›.
26Ас дуккха а хьалха и дерриг а дагатесна хилар
хьуна ца хезна те?
Ширачу заманахь дуьйна цунах ойла а йина,
хӀинца иза Аса кхочушдина,
чӀагӀйина гӀаланаш хьоьгахула ясса а йойтуш,
царах къапалгийн саьлнаш а йойтуш.
27Цу гӀаланийн бахархой ницкъ а байна хилла,
кхерамна бега а беш, царна тӀе эхь деана.
Арара буц я экам зӀийдагаш санна бу уьш.
Тхов тӀехь хьалабаьлла бай санна бу уьш,
кхиале берриг а марца а мерцина,
малхбалера хьоькху бовха мох бахьана долуш.
28Амма Суна хаьа хьо охьахиъча а,
араваьлча а, чуваьлча а.
Суна евза хьан Сайна дуьхьал йолу дералла а.
29Хьан Суна дуьхьал дералла хиларна а,
хьан цавашар Сан лере кхачарна а,
хьан мерӀуьргех Сайн чӀуг а чекхйоккхур ю,
хьан бага Сайн дуьрстанан гаьллаш а йохкур ю Аса.
Схьавеанчу новкъахула
хьо юха а верзор ву Аса’“.
30ХӀара билгало ло Ас хьуна, Хьузакх-ЯхӀу: кху шарахь охьаэгначу ялтин хӀух кхиъна долу ялта, иштта тӀедогӀучу шарахь ша тӀедаьлларг а дуур ду аша. Ткъа кхоалгӀачу шарахь ялта дӀа а дей, иза чу а дерзаде, кемсийн бошмаш а дӀае, церан стоьмаш а баа. 31ЯхӀудан цӀийнах дийна висинчо юха а лахахь орамаш а хоьцур ду, лакхахь стом а лур бу. 32ХӀунда аьлча Ярушалаймера схьабогӀур бу дийна биснарш а, Цийон-ломара богӀур бу шаьш кӀелхьарбевлларш а. Иза массо а ницкъийн Везачу Делан кӀоргачу безамо кхочушдийр ду. 33Цундела ашурхойн паччахьах лаьцна Везачу Эло иштта боху: „Иза цу гӀали чу а вер вац, цу чу цо ур-атталла цхьа пха а кхуссур бац. Карахь турс долуш гӀалина тӀе а вогӀур вац иза, цунна гонах баьрзнаш а дийр дац цо. 34Ша схьавеанчу новкъахула юхавоьрзур ву иза, амма цу гӀали чу вогӀур вац, – боху Ас, Везачу Эло. – 35Аса ларйийр ю хӀара гӀала, Сайн дуьхьа а, Сайн ялхочун Даудан дуьхьа а кӀелхьар а йоккхур ю иза“». 36ТӀаккха хӀара хилира: Везачу Элан Малико, дӀа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бӀе везткъе пхи эзар стаг хӀаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Ӏуьйранна хьалагӀевттича, царна лаьттахь Ӏохку декъий гира. 37Ашурхойн паччахь Санхьариб, юха а ваьлла, Нунав-гӀала веара. Цигахь иза сецира. 38Шен дела волчу Нисрухан цӀа чохь Ӏибадат дечу хенахь, цуьнан кӀенташа Адир-Малика а, Шар-Эцара а, тур а тоьхна, вийра иза. Юха и шиъ Арарат-махка дӀаведира. ТӀаккха Санхьарибан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кхин кӀант Эсар-Хьадун.
Copyright information for
CheCAC2012