aАрадаккхар 25:22.

‏ Isaiah 37:8-20

Ашурхоша кхин цкъа а кхерам боуьйту

(ТӀаьххьарнаш 19:8, 9; ТӀаьххьарнаш 19:8-19)

8Ашурхойн паччахь Лахиш-гӀалара дӀавахна аьлла шена хезча, и эскаран хьаькам Ярушалаймера дӀавахара. Цунна шен паччахь Либна-гӀалина дуьхьал тӀом беш карийра. 9ТӀаккха Санхьариб-паччахьна хезира, хушахойн паччахь ТирхӀакъа шена тӀелата араваьлла аьлла. Иза а хезна, цо геланчаш бахийтира яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна тӀе, 10цуьнга дӀаала: «Хьан дегайовхо шех йолчу хьайн Деле хьо ле ма вайта, Цо хьайга аьлча: „Ярушалайм ашурхойн паччахьан кара дӀалур яц“. 11Хьуна-х ма хезна, ашурхойн паччахьаша массо а мехкашна хӀун дина, уьш хӀаллак а деш? Ткъа хьо кӀелхьарвоккхур ву ткъа? 12Сан дайша хӀаллакдинчу къаьмнийн деланаша уьш кӀелхьарбаьхний? Газун а, ХӀаран а, Рацап а гӀаланашкара а, Тилассар-махкахь йолчу Ӏеданера а бахархой кӀелхьарбаьхний цара? 13Мичахь бу Хьамат а, Арпад а, Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева а цӀераш йолчу гӀаланийн паччахьаш?»

14Хьузакх-ЯхӀус, геланчашкара кехат схьа а эцна, дийшира. ТӀаккха, Везачу Элан цӀийне а вахана, Далла хьалха и кехат схьадаржийра цо. 15Везачу Элана хьалха доӀа а деш, Хьузакх-ЯхӀус элира: 16 a«Каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу, Исраилан халкъан Дела волу массо а ницкъийн Веза Эла! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а. 17Хьайн лерг тӀе а дай, ладогӀахьа, Веза Эла, Хьайн бӀаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогӀахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, мел дуьйцучуьнга. 18Ва Веза Эла, бакъ ду-кх ашурхойн паччахьаша, и къаьмнаш хӀаллак а деш, церан латтанаш а дассийна, 19церан цӀу-деланаш цӀерга а кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тӀулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хӀаллакдан тарлора. 20ХӀинца, тхан Веза Дела, кӀелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгах, тӀаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла».
Copyright information for CheCAC2012