Isaiah 38:1-8
Хьузакх-ЯхӀу-паччахь цомгуш хилар а, товалар а
(Сулим 20:1-11; 2 Шерашкахь 32:24-26; ТӀаьххьарнаш 20:1-11)
1Цу деношкахь Хьузакх-ЯхӀу, цомгуш а хилла, валарна гергакхаьчнера. Амосан кӀант волчу ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, иза волчу а веана, элира цуьнга: «Иштта боху Везачу Эло: „Хьайн цӀентӀехь болчаьрга весет де, хӀунда аьлча, цомгуш волчуьра то а ца луш, хьо лийр ву“». 2Юьхь пенехьа дӀа а ерзийна, Везачу Эле иштта доӀа дира Хьузакх-ЯхӀус: 3«Ва, Веза Эла! Дагадаийтахьа, Хьуна тешаме а волуш, доггах тӀевирзина а хуьлуш, со Хьайна хьалха лелар. Ас гуттар а Хьуна нийса хеташ дерг леладора». ТӀаккха къаьхьа вилхира Хьузакх-ЯхӀу. 4Юха Везачу Элан дош кхечира ЕшаӀ-ЯхӀуга: 5«Хьузакх-ЯхӀу волчу а гӀой, иштта дӀаала цуьнга: „Иштта боху хьо схьаваьллачу Даудан Дела волчу Везачу Эло: ‘Суна хьан доӀа а хези, хьан бӀаьрхиш а ги. Ас хьан дахарна тӀе пхийтта шо хан тухур ю. 6Ашурхойн паччахьан куьйгах хьо а, хӀара гӀала а кӀелхьарйоккхур ю Ас, гӀала лар а йийр ю’“. 7Везачу Эло Ша аьлларг кхочушдийриг хиларан хӀара билгало ю хьуна. 8„Ахьаз-паччахьо бинчу лами тӀера маьлхан ӀиндагӀ итт тӀегӀанна юхадоккхур ду Ас“, – боху Везачу Эло». Ша чубаханчуьра итт тӀегӀанна юхабелира малх.
Copyright information for
CheCAC2012