Isaiah 47:7-9
7Ахь олура, хьо гуттара а зуда-паччахь хир ю.Амма и хилларш хьайн даг тӀе ца эцна ахь,
паччахьаллин чаккхенан ахь ойла ца йина.
8 aХӀинца ладогӀа, хьолехь ехаш телхинарг.
Хьуна моьтту, хьо, кхерамехь а йоцуш, Ӏаш ю.
Деле а кхочуш, хьайн даг чохь боху ахь:
„Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац.
Со йисина Ӏаш а хир яц цкъа а,
бераш а дайна, ас бала а хьоьгур бац“.
9Амма цӀеххьана, цхьана дийнахь,
и ший а хӀума хьуна тӀе догӀур ду:
хьан майра а, бераш а довр ду.
Дерриге а хьан бозбунчаллашка хьаьжна доцуш,
Ахь мел лелийначу молханашка хьаьжна доцуш,
и хӀуманаш кхоччуш хьуна тӀе догӀур ду.
Copyright information for
CheCAC2012