‏ James 3:14-17

14Амма шун даг чохь къаьхьа хьагӀ а, шена пайда лехар а делахь, дозаллаш ма де, бакъдолчунна дуьхьал харцо ма лелае. 15Иза лакхара долу хьекъалалла дац, амма дуьненан, синан, жинийн хьекъалалла ду. 16ХӀунда аьлча хьагӀ а, шена пайда лехар а долчохь низам дохор а, мел долу вониг а ду. 17Амма лакхара долу хьекъалалла, цкъа-делахь, цӀена ду, цул тӀаьхьа, машаре а, оьзда а, къинхетамах а, дикачу стоьмех а дуьзна а, озабезам боцуш а, шалхо йоцуш а ду.
Copyright information for CheCAC2012