a Аюб 3:1-19.
Jeremiah 20:14-18
14 aСардам буллу аса со винчу денна!Декъаза хуьлда сан нанас со дуьнен чу ваьккхина де!
15НеӀалт хуьлда: «Хьуна кӀант вина!» аьлла,
кхаъ а баьккхина, сан дена хазахетийтинчу стагана.
16Везачу Эло къа ца хетарца йохийначу
гӀаланашна хилларг хуьлийла цу стагана.
Хезийла цунна Ӏуьйранна орца даккхар,
ткъа делкъахенахь тӀеман маьхьарий,
17сайн ненан кийрахь со ца вуьйш витарна,
сан нана суна каш хилла ца йитарна,
со дуьнен чу ца волуш ца витарна!
18ХӀунда ваьлла те со сан ненан кийрара ара?
Деган Ӏийжамаш, бохамаш бен суна гина хӀумма а ма дац!
Ткъа сан дахар юьхьӀаьржачу хӀоттарца чекхдер ду.
Copyright information for
CheCAC2012