Jeremiah 22:24-30
ЯхӀу-Яхинна йо Делан кхел
24 a«Дийна волчу Сох чӀагӀо йо Аса, – боху Везачу Эло, – яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Якхаман кӀант ЯхӀу-Яхин, хьо Сан аьтту куьйган пӀелгара мухӀар хилча а, Аса хьо цу тӀера схьа а ваьккхина, 25хьан са лоьхуш болчеран кара а дӀалур ву, иштта хьо кхоьруш волчу бавелхойн паччахьан Набухди-Нецаран а, хашадхойн кара а дӀалур ву. 26Аса хьо а, хьо вина йолу хьан нана а шу дуьнен чу девлла доцучу хийрачу махка кхуьссур ду, цигахь шу лийр ду. 27Хьуна хьайн махка юхаверза луур ду, амма хьо цига юхавоьрзур вац». 28ЯхӀу-Яхин цӀе йолу хӀара стаг йохийна кхаба санна я цхьанна а ца оьшу кхаба санна ву те? ХӀунда лаьллина те иза шен доьзалца царна бевзаш а боцучу хийрачу махка дӀа? 29Ва ЯхӀудан латта! Аса хьоьга чӀогӀа доьху,Везачу Элера болчу хӀокху хааме ладогӀа!
30Иштта боху Везачу Эло: «ДӀаязде цу стагах лаьцна,
тӀаьхье йоцуш волчу стагах санна,
шен дахарехь аьтто кхин хир боцучух санна,
хӀунда аьлча цуьнан тӀаьхьенах цхьаммо а,
Дауд-паччахьан цӀийнах ша хиларна,
ЯхӀуд-махкахь паччахьалла дийр ду».
Copyright information for
CheCAC2012