Jeremiah 39:2-8
2Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀу паччахьаллехь волчу цхьайтталгӀачу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀачу дийнахь гӀалин пенех мостагӀаша Ӏуьрг даьккхира. 3Бавелан массо а мехкан баьччанаш, гӀалина чу а баьхкина, Юккъерачу кевнна хьалха охьахевшира. Царна юкъахь Самгар-кӀоштан куьйгалхо Нургал-Шар-Эцар а, тӀеман коьрта хьаькам Сар-Сахим а, кхечу тайпана тӀеман хьаькам Нургал-Шар-Эцар а, иштта массо а кхиболу Бавелан паччахьан баьччанаш а бара. 4ЯхӀудхойн паччахь а, цуьнца болу тӀемалой а, уьш шайна гича, буьйсанна гӀалара ара а бевлла, бевдда дӀабахара. Уьш, паччахьан бешахула, шина пенна юккъехь долчу кевнах чекх а бевлла, Ӏариба-тогӀи ▼▼Ӏариба-тогӀи – иза Йордан-хин тогӀи ю.
йолчу дӀабахара. 5Амма хашадхойн эскар царна тӀаьхьаделира. Уьш ЦӀадукъ-ЯхӀуна тӀаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тӀевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гӀалин махкахь йолчу Рабила-гӀалахь вара. Цигахь цо ЦӀадукъ-ЯхӀуна кхел йира. 6Циггахь, Рабила-гӀалахь, Бавелан паччахьо а ЦӀадукъ-ЯхӀуна хьалха цуьнан кӀентий байира. Иштта ЯхӀуд-махкара баьччанаш а байира цо. 7Ткъа ЦӀадукъ-ЯхӀу, бӀаьргаш а баьхна, буржалш а тоьхна, Бавеле дӀавига кечвира. 8Хашадхоша паччахьан цӀа а, иштта Ярушалаймехь долу цӀенош а дагийра, гӀалин гонахара пенаш а охьаэгийра.
Copyright information for
CheCAC2012