‏ Jeremiah 40:7-9

ЯхӀуд-мехкан куьйгалхо волу Гадал-ЯхӀу

(ТӀаьххьарнаш 25:22-24)

7 aЯхӀудхойн эскаран хьаькамашна а, иштта кху махкахь бисина болчу тӀемалошна а, кхечу нахана а дӀахезира, Бавелан паччахьо Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу мехкан куьйгалхо хӀоттийна аьлла. Бавеле дӀа ца буьгуш бисина болчу мехкан уггар къечу божаршна а, зударшна а, берашна а тӀехь цо Ӏуналла дан деза бохуш, хезира царна. 8Уьш берриш а Гадал-ЯхӀу волчу МицӀпа-гӀала баьхкира. Царна юкъахь Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал а, Къаьрхьин кӀентий Йохьан а, ЯхӀуната а, Танхьуматан кӀант Сари-ЯхӀу а, НатӀупатарчу Ӏейпин кӀентий а, маӀхахочун кӀант Яъзан-ЯхӀу а, иштта царна уллора берш а бара. 9Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу царна хьалха чӀагӀонаш еш вара: «Ма кхера хашадхошна гӀуллакх дан. ХӀокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтӀахь а хила, тӀаккха шуна дика хир ду.
Copyright information for CheCAC2012