‏ Jeremiah 41:1-3

1 aВорхӀалгӀачу баттахь Эли-ШамаӀан кӀентан Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу волчу веара. Иза МицӀпа-гӀала веара, шеца кхин итт стаг а волуш. ИсмаьӀал паччахьан цӀийнах вара, иза иштта паччахьан эскаран хьаькамех цхьаъ вара. Гадал-ЯхӀуца цхьаьна иза а, цуьнца берш а хӀума юуш Ӏийра. 2Натан-ЯхӀун кӀанта ИсмаьӀала а, цуьнца хиллачу итт стага а, хьала а гӀевттина, тарраш а тоьхна, вийра Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу. Цу тайпана Бавелан паччахьо мехкан куьйгалхо вина дӀахӀоттийнарг вийнера. 3ИсмаьӀала иштта Гадал-ЯхӀуца МицӀпа-гӀалахь хилла болу массо а яхӀудхой а, цигахь хилла болу хашадхойн тӀемалой а байира.
Copyright information for CheCAC2012