Jeremiah 43:10-13
10Ахьа и хӀума деш гуш болчу яхӀудхошка ала: „Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло хӀара боху: ‘Ас Сан лай волчу Бавелан паччахье Набухди-Нецаре кхуза схьакхайкха бохуьйтур бу. Ас цуьнан паччахьан гӀант кхузахь Айса дӀадоьхкина долчу тӀулгаш тӀехь дӀахӀоттор ду. Цу тӀулгаш тӀехь Набухди-Нецара шен паччахьан четар дӀахӀоттор ду. 11Иза, кхуза схьа а веана, Мисар-махкана тӀелетар ву. Ӏожаллина леринарг Ӏожаллина гӀур ву, йийсаре вигийта леринарг йийсаре гӀур ву, ткъа туьро вен леринарг туьра кӀел гӀур ву. 12Набухди-Нецара мисархойн деланийн цӀеношкахь цӀе латор ю, цигара цӀуш я багор бу, я йийсаре дӀабуьгур бу. ЖаӀуьно шен бедар мезех цӀан ма-ярра, Мисар-мохк цӀанбийр бу цо, цул тӀаьхьа маьрша цигара ара а вер ву. 13Набухди-Нецара Ана-гӀалахь долчу харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш дохор ду, ткъа мисархойн харцделанийн цӀенош цӀарца дагор ду’“».
Copyright information for
CheCAC2012