Jeremiah 43:5-7
5 aКъаьрхьин кӀанта Йохьана а, тӀеман массо а хьаькамаша а, шаьш дӀасалаьхкина долчу массо а къаьмнашкара ЯхӀуд-махкахь дахархьама юхадирзина долу дерриг а дийна дисина долу адам схьа а гулдина, Мисар-махка дӀадигира. 6ГӀаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀантехь Гадал-ЯхӀугахь шайн дола дан дитина болу массо а божарий а, зударий а, бераш а, паччахьан зудабераш а, иштта Ярми-ЯхӀу-пайхамар а, Нери-ЯхӀун кӀант Барух а шайца дӀабигира. 7Цу наха Везачу Элера болчу хааме ла ца дуьйгӀира, уьш Мисар-махкахь йолчу Тахьпанхьас-гӀала дӀабахара.
Copyright information for
CheCAC2012