‏ Jeremiah 44:17-19

17Тхаьш аьлларг оха билггал кхочушдийр ду: оха цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш а дохур ду стигаларчу зуда-паччахьна, ЯхӀуд-мехкан гӀаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а тхо а, тхан дай а, тхан куьйгалхой а, тхан паччахьаш а, тхан баьччанаш а ма-леллара лелар а ду. Оцу хенахь тхан даа хӀума а хуьлура, тхан аьтто а хуьлура, тхуна тӀе вонаш а ца догӀура. 18Амма тхо стигаларчу зуда-паччахьна цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дохучуьра севцича, тхан хӀумма а дацара, ткъа тхо туьро а, мацалло а хӀаллакдеш дара».

19Цул тӀаьхьа зударий бистхилира. Цара элира Ярми-ЯхӀуга: «Стигаларчу зуда-паччахьна оха цӀеран а, чагӀаран а сагӀанаш дохучу хенахь тхан майранашна иза хууш ца хилла те? Цуьнан сибатехь оха хьокхамаш а доттуш, цунна чагӀаран сагӀанаш а дохуш, цара тхуна пурба ма лора!»
Copyright information for CheCAC2012