‏ Jeremiah 49:23-27

Дамасакхана тӀехь кхел яр

23 aВезачу Элера хӀара хаам Дамасакхах лаьцна бу: «ЮьхьӀаьржачу хӀоьттина Хьамат-гӀала а, Арпад-гӀала а, хӀунда аьлча цаьрга вон хаам кхаьчна. ХӀорд санна, оцу шиннан дегнаш хьийзаш ду, гӀайгӀанехь хиларна церан синтем а бац. 24Дамасакх-гӀалин бахархой, дог а доьхна, юха а бирзина, бевдда дӀабаха кийча бу. Къемат тесна церан дегнашка, гӀайгӀано а, лазаро а уьш дӀалаьцна. Цаьргахь, берах хьийзочу зудчуьнгахь санна, лазарш ду. 25Сан сакъералуш хиллачу, гӀараяьллачу гӀалара нах дӀа хӀунда ца бевдда? 26Цигарчу майданашкахь а, урамашкахь а къона нах охьаоьгур бу, массо а тӀемалой а хӀаллакьхир бу цу дийнахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – 27Ас цӀе тосур ю Дамасакхан пенех, ткъа оцу цӀеро Бен-Хьадид-паччахьан гӀепаш дӀакхоллур ю».
Copyright information for CheCAC2012