Jeremiah 49:7-22
Эдоман къомана тӀехь кхел яр
7 aЭдоман къомах лаьцна иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Кхин хьекъалалла ца дисина те Теман-гӀалахь? Хьехам кхин ца бало те кхетам болчаьрга? ДӀадаьлла те церан хьекъал? 8Дадданан бахархой, бовдий, дӀагӀо кхузара, хьехаш чохь дӀаловчкъа, хӀунда аьлча Ӏесаван тӀаьхьенна бохам бийр бу Ас. Цунна таӀзар даран хан схьакхаьчна. 9Нагахь санна кемсаш схьагулйийраш хьо волчу багӀахь, таьллангаш тӀехь цара масех кемс схьаяккхаза юьтур яц те? Нагахь буьйсанна къуй багӀахь, шайна луъург бен цара ца лачкъайо те? 10Амма Аса Ӏесаван тӀаьхьенан мел долу хӀума схьадоккхур ду, Ас гучуйохур ю церан дӀалечкъийлаш, кхин уьш къайла ца бовлуьйтуш. Церан бераш а, гергарнаш а, уллоранаш а байина дӀабохур бу. Эдоман тӀаьхьенах цхьа а вуьтур вац. 11Дита хьайн бобераш, Ас дола дийр ду церан. Хьан бисина Ӏаш болу зударий а Сох тешна Ӏан мегар ду». 12Иштта боху Везачу Эло: «Нагахь таӀзаран кад мала декхарийлахь боцучара иза мала дезча, таӀзар даза хьо хӀунда дита деза, Эдоман къам? Хьо таӀзар доцуш дуьсур ма дац – ахь а таӀзаран кад мер бу! 13Аса Сайх чӀагӀо йо, – боху Везачу Эло, – Бацар-гӀала йохийна хилла дӀахӀуттур ю аьлла. Цунах къемат а, кхардам а, яссийнарг а хир ю, ткъа наха, цуьнан цӀе а йоккхуш, неӀалташ эр ду. Цунна гонах мел йолу ярташ массо а ханна яссийна хир ю». 14Везачу Элера болу хаам хезна суна, и хаам бахьаш геланча а ваийтина халкъашна тӀе: «Шайн эскарш схьа а гулдай, Эдомна тӀамца чугӀорта. 15Ас халкъашна юкъахь жима дийр ду хьо, ткъа адамашна юкъахь хьо дегаза хетар ду. 16Кхидолчу къаьмнашна кхерам тийсарх а, хьайн деган кураллах а хьо Ӏеха ма делла. Тархийн чӀажашкахь а, лаьмнийн баххьашна тӀехь а хьо Ӏаш ду, амма хьан цӀенош аьрзунийн бенашка кхоччуш лекха хилча а, цигара дӀа а хьо охьадуссуьйтур дара Аса», – боху Везачу Эло. 17«Эдом-махках нах кхаьрдар бу. Цигахула мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шайна гича. 18 bСедам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а, царна гонахара гӀаланаш а йохийна дӀаяьхначул тӀаьхьа ма-хиллара, – боху Везачу Эло, – иштта цхьа а стаг кхин хир вац Эдом-махкахь, цхьа а адам цигахь соцур а дац. 19Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогӀур а ву, цӀеххьана эдомхой шайн махкара дӀабовдуьйтур а бу. ТӀаккха Сайна луъург а оцу махкана тӀехӀоттор ву Аса. Сох мила тарлур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаӀу валалур ву Суна дуьхьал? 20ЛадогӀал Везачу Эло Эдоман бахархошна дан леринчуьнга, иштта Теман-гӀалин бахархошца Цо дан леринчуьнга а. Ас чӀагӀо йо, жа санна долчу Эдоман къома чуьра къонахий дӀакхоьхьур бу аьлла. Ас чӀагӀо йо, церан латта Аса хӀаллакдийр ду аьлла, цара мел лелийнарг бахьана долуш. 21Эдом южуш яьллачу гӀовгӀано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий Эрзийн хӀорд болчу кхаччалц дӀахезаш хир ду. 22Хьажал, хьала а даьлла, стигалара тӀедеанчу аьрзуно санна, мостагӀаша шайн тӀемаш дӀасадохуьйтур ду Бацар-гӀалина тӀехула. Эдомхойн тӀемалойн дегнаш оцу дийнахь берах хьийзочу зудчун санна хир ду».
Copyright information for
CheCAC2012