‏ Jeremiah 50

Бавелах лаьцна болу хаам

1 aВезачу Эло Ярми-ЯхӀу-пайхамарехула хашадхойн мохк болчу Бавелах лаьцна бина хаам хӀара бу: 2«Массо а халкъашка дӀахаийта,
байракх хьала а айъаяй,
къайла а ца доккхуш, дӀадийца:
„Бавел-гӀала схьаяьккхина,
Вел-харцдела юьхьӀаьржачу хӀоьттина,
Мардух-харцдела дог доьхна ву,
Бавелан суьрташ юьхьӀаьржачу хӀиттина,
цуьнан цӀуш дог доьхна а бу“.

3Къилбаседера къам Бавел-махкана тӀегӀертар ду, цунах яьсса аре а йина, дӀа а хӀоттош. Цигахь вехаш цхьа а хир вац: адамаш а, дийнаташ а цигара дӀагӀур ду».

4«Оцу деношкахь, и хан тӀекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къам а, ЯхӀудан къам а, цхьаьна доьлхуш лелар ду, шайн Веза Дела а лохуш. 5Цара Цийон-ломана тӀе боьдуш болу некъ хоьттур бу, цу агӀор дӀа а хьоьжуш, уьш цига гӀур бу. Схьа а баьхкина, массо а ханна болу, цкъа а бицлур боцу барт а беш, шаьш Везачу Элаца боьхкур бу цара.

6Сан къам, тиладелла лелаш долу уьстагӀий санна, дара. Церан Ӏуша, нийсачу новкъа тӀера дӀа а даьхна, лаьмнаш юккъехула дӀасалаьхкинера уьш. Лам тӀера гунна тӀе довлуш, шайн Ӏаш йолу меттиг а йицйина, дӀасалелара уьш. 7Сан халкъана дуьхьал мел кхеттарг, царна вонаш деш вара. Церан мостагӀаша бохура: „Тхо бехке дац, хӀунда аьлча цара Везачу Элана дуьхьал къинош летийна. Веза Эла церан бакъйолу Ӏаш йолу меттиг ю, ткъа Цунах церан дай тешна Ӏаш бара“.

8 bДӀагӀо Бавелера, бита хашадхойн мохк, жена хьалха яьлла йоьду бож санна хилий, дӀахӀотта. 9Ас къилбаседехьара Бавелна тӀе дуккха а даккхий къаьмнаш далор ду. Уьш цунна дуьххьал дӀахӀуьттур ду, ткъа Бавел цара схьайоккхур ю. МостагӀийн пхерчий дика тӀемалой санна ду, тӀам тӀера даьссачу куьйгашца юха ца боьрзуш болу. 10Хашадхойн берриг а махкахула хӀонс схьаоьцур ю, ткъа махкана къола деш берш хӀонсах Ӏаьбна хир бу», – боху Везачу Эло.

Бавел йожар

11«Шу, сакъералуш, ирсе лелаш дара, Сан латта дӀалацарна. КӀа оруш долу дуьхьарг санна, сакъералуш а, кхиссалуш а дара шу, тӀемалойн говраш санна, терсаш дара шу. 12Амма хӀинца шун нана юьхьӀаьржачу хӀуттур ю, шу дина болчу Бавел-махкана эхь хетар ду. Кхечу къаьмнашна юкъахь Бавел уггар кӀезигниг хир ду. Бавел-мохк яьсса аре а, декъа латта а хир ду. 13Везачу Элан оьгӀазло бахьана долуш, цхьа а стаг Бавелехь вехаш хир вац, ерриг а и меттиг яссалур ю. ГӀалина уллохула тӀех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, цунна мел бина бохамаш шена гича.

14Бавелна го а бай, тӀамана кечло. СекхаӀедаш кхуьссурш, гӀалехьа дӀахеца шайн пхерчий, уьш кхоа а ма де, хӀунда аьлча цо Везачу Элана дуьхьал къа латийна. 15ТӀеман маьхьарий детташ, цунна го бай, дӀахӀитта. Тахана ша мостагӀийн кара дӀаелла Бавел-гӀалано, йохийна цуьнан бӀаьвнаш, цуьнан пенаш охьаэгна. Веза Эла волчу Аса цунна бекхам беш хиларна, аша а бекхам бе цунна. Цо кхечу къаьмнашна тӀехь деш дерг аша а де цунна тӀехь. 16ХӀаллакве Бавел-махкахь латта дӀадуьйш верг а, ялта схьагулдечу хенахь карахь марс берг а. МостагӀийн туьрах кӀелхьарвалархьама, кхечу къомах верг хӀорра а шен къам долчу юхаверза веза, хӀорра а шен махка ведда дӀаваха веза».

Исраилан халкъ юхадерзар

17«Исраилан къам, лоьмех дедда долу жа санна ду, массо а маьӀӀехула дӀасадаьржина долу. Цкъа-делахь, Ашур-махкарчу паччахьо иза дӀакхаьллина, тӀаьхьара Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара цуьнан даьӀахкаш аьтта». 18Цундела Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса кестта таӀзар дийр ду Бавелан паччахьна а, цуьнан махкана а, Ашур-мехкан паччахьна таӀзар ма-дарра. 19Ас юхадерзор ду Исраилан къам шен дежийле: иза децаш лелар ду Кармал-лам болчохь а, Башан-махкахь а, ткъа ша Эпрайм-лам тӀехь а, ГалӀадехь а дузур ду. 20Цу заманахь, и хан тӀекхаьчча, – боху Везачу Эло, – Исраилан къомана юкъахь къинош лоьхур ду, амма уьш хир дац, ЯхӀудан къомана юкъахь зуламаш лоьхур ду, амма уьш а карор дац, хӀунда аьлча Айса дийна битинчеран къиношна гечдийр ду Аса».

Бавелан къомана тӀехь кхел яр

21«ТӀелата Мератайман лаьттана а, Пакхудан бахархошна а. Царна тӀаьхьа а бевлла, уьш кхоччуш хӀаллакбе, – боху Везачу Эло. – Аса шайна тӀе мел диллинарг де. 22ТӀеман а, боккхачу бохаман а гӀовгӀа ю массо а махкахула схьахезаш ерг. 23Ма йохийна, кагйина дӀаяьккхина-кх дуьненан варзап йолу Бавел! Ма инзардевли-кх халкъаш Бавелна динчунна! 24Ас гураш доьгӀнера хьуна, Бавел, хӀинца, хьайна а ца хууш, хьо цара дӀалаьцна. Веза Эла волчу Суна хьо дуьхьал яьллера, цундела хьо, кара а йина, дӀалаьцна. 25Везачу Эло Шен дӀадуьллийла йолчуьра оьгӀазаллин герзаш схьаэцна, хӀунда аьлча массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан дан дезаш гӀуллакхаш ду хашадхойн лаьтта тӀехь. 26Массо а маьӀӀера Бавелна тӀе гӀорта! НеӀарш а кегъеш, схьаелла церан ялта Ӏалашдо меттигаш! Бавелах хоттан саьлнаш е! Массо а хӀума, буха ца дуьтуш, дохадай, дӀадаккха. 27Массо а тӀемалой, байий, дӀабаха! Стерчий санна, байархьама дӀабига уьш! Къа ду церан! Царна таӀзар дан деза де тӀекхаьчна».

28(КӀелхьардовлархьама Бавел-махкара дӀаидинчу адамаша бохучуьнга ладогӀа! Цийон-лам тӀе схьа а баьхкина, цара дуьйцу вайн Везачу Дала динчух лаьцна. Шен дезачу цӀенна динчунна Цо бекхам барх лаьцна дуьйцу цара.)

29 c«Бавел-гӀалина тӀелата схьакхайкха массо а секхаӀад карахь долчаьрга. Схьаваийта хӀора секхаӀад дула хууш верг. ГӀалина го бе, цигара цхьа а ведда кӀелхьар ца валийта. Цо шена леххнарг де цунна, кхечу къаьмнашна цо диннарг а дайта, хӀунда аьлча дозалла а деш, Бавелан къам дуьхьалдаьлла Везачу Элана, Исраилан къоман Везаниг волчу! 30Кегий нах хӀаллакьхир бу цуьнан урамашкахь, ткъа оцу дийнахь цуьнан берриг а тӀемалой а бойур бу», – боху Везачу Эло.

31«Хьо чӀогӀа кура ду, Бавелан къам, цундела Со хьуна дуьхьалваьлла, – боху массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло. – ТӀекхаьчна хьуна таӀзар дан деза хан. 32Ког а тасабелла, охьакхетар ю кура Бавел, хьалагӀатта цунна цхьаммо а гӀо а дийр дац. Ас цуьнан гӀаланех цӀе латор ю, цу цӀеро гонах массо а хӀума дагийна дӀадоккхур ду».

33Массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Йийсарехь болчу исраилхошна а, яхӀудхошна а гӀело йо. Уьш дӀабигна массара а дӀалаьцна латтош бу, ткъа царна уьш схьахеца а ца лаьа. 34Амма уьш ПаргӀатбохург чӀогӀа ницкъ болуш ву, ткъа Цуьнан цӀе массо а ницкъийн Веза Эла ю. Церан гӀуллакх Цо леррина къастор ду, дуьненна синтем а луш, ткъа Бавелан бахархошна гӀайгӀа а кхуллуш».

35Везачу Эло боху: «Тур тоха хашадхошна!
Тур тоха Бавелехь бехаш болчарна,
церан баьччанашна а, хьекъалчашна а!
36Тур тоха церан динан дайшна,
уьш кхетамчуьра а бохуш.
Тур тоха церан тӀемалошна,
уьш къематах а бузуш.
37Тур тоха церан говрашна а, гӀудалкхашна а,
шайна юкъахь болчу тӀелаьцначу тӀемалошна а,
уьш, зударий санна, кхоьруьйтуш.
Тур тоха церан хазнашна,
уьш хӀонс санна дӀаса а йохуьйтуш.
38Йокъа хӀоттае Бавеларчу хишна тӀе,
уьш долу меттигаш якъа а еш,
хӀунда аьлча Бавел – цӀуйн мохк бу,
ткъа оцу дегазчу цӀуша уьш хьерабоху.

39 dЯьссачу аренийн акхарой а, чангӀалкхаш а Бавелехь ехар ю, иштта бухӀанаш а хир ю кху лаьтта тӀехь ехаш. Адамаш цигахь цкъа а дехар дац, массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашна цкъа а стаг цигахь Ӏаш хир вац. 40 eВезачу Эло Седам-гӀала а, Ӏамор-гӀала а, царна гонах йолу ярташ а йохийна дӀаяхаре терра, – боху Везачу Эло, – иштта Бавелаца хир ду. Цигахь цхьа а адам дехаш хир дац, цхьа а стаг цигахь кхин соцур вац. 41Хьовсал, къилбаседехьара тӀедогӀуш доккха эскар ду,
дуьненан йистера тӀаме кечам беш ду доккха къам.
42Церан карахь гоьмукъаш а, секхаӀедаш а ду,
уьш къиза а, шайца къинхетам боцуш а бу.
Уьш говрашкахь богӀучу хенахь,
карзахбаьллачу хӀордах тера бу.
Хьоьца тӀом бан кийча бу уьш.
Церан Ӏалашо – хьуна тӀелатар ю, Бавел.
43Царах лаьцна Бавелан паччахье хаам кхаьчча,
цуьнан куьйгаш гӀелделла охьадахара.
Берах хьийзош йолчу зудчуьнгахь санна,
боккха бала бара цуьнгахь.

44Йордан-хин йистерачу боьлакаш юккъера лом токхечу дежийлашка схьадалар санна, Со схьавогӀур а ву, цӀеххьана бавелхой шайн махкара дӀабовдуьйтур а бу. ТӀаккха Сайна луъург оцу махкана тӀехӀоттор ву Аса. Сох мила тарвалалур ву? Соьгара жоп деха мила ву? Муьлха жаӀу валалур вара Суна дуьхьал? 45ЛадогӀал Веза Эла волчу Ас Бавел-гӀалин бахархошна дан леринчуьнга, иштта хашадхойн махкана Аса дан леринчуьнга а. Ас чӀагӀо йо, жа санна долчу Бавелан къома чуьра къонахой дӀакхоьхьур бу. Ас чӀагӀо йо, церан латта Аса хӀаллакдийр ду, цара мел лелийнарг бахьана долуш. 46Бавел схьаяьккхина яьллачу гӀовгӀано латта дегор ду. Цигара девлла маьхьарий къаьмнашна юкъахь дӀахезаш хир ду».

‏ Jeremiah 51

Бавелан къомана тӀехь кхин а кхел яр

1Иштта боху Везачу Эло: «Ас Бавелна а, Лев-Кхамай-мехкан
Лев-Кхамайн-мехкан – иза абатан элпашца къайлаяьккхина йолу «хашадхойн» кхин цӀе ю.
бахархошна а тӀе хӀаллакбо мох хьокхуьйтур бу.
2Хийра нах Ас Бавелан къомана тӀегӀуртуьйтур бу. ИрхдугӀучу хенахь кегаш мохо дӀахьакхаре терра, цара бавелхойн мохк бассор бу. Цунна тӀе бохам бечу дийнахь массо а агӀор оцу махкана го бийр бу цара. 3СекхаӀад кхуссучарна шайн Ӏад дула я шайн гӀаьгӀнаш тӀедуха хан ма ло. Бавелхойн кегий нах ма кхоабе! Дерриг а церан эскар, дохадай, хӀаллакде! 4Хашадхойн лаьтта тӀехь Ӏохкур бу байинарш, чевнаш хилларш а цигарчу некъаш тӀехь Ӏохкур бу». 5Шайн Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Исраилан къам а, ЯхӀудан къам а, йисина Ӏаш йолу зуда санна, ца дитина, церан мохк Исраилан Везачунна дуьхьал летийначу къинойх дуьзна делахь а. 6Довдий, дӀагӀо Бавелера, хӀораммо а шайн синош кӀелхьардаха, цуьнан къинош бахьана долуш хӀаллак ца хила. ХӀара зама Везачу Эло Бавелна бекхам бан лерина йолу зама ю, шайна доггӀург дӀало зама а ю. 7 gБавел Везачу Элан карахь дашо кад бара, дерриг а дуьне дахош болу. Къаьмнаша чагӀар молура цу кеда чуьра, ткъа цул тӀаьхьа, кхетам чуьра а довлий, лелара уьш. 8Амма цӀеххьана буьйжира Бавел-мохк, хӀаллак а хилира иза. Делха и бахьана долуш, лаха цуьнан чевнашна молха: иза тобала а мега шуна. 9 h«Тхо иза тобан гӀиртира, амма цунна дарба ца хилира. Бита иза, хӀора а вайн махка дӀагӀур ду вай, хӀунда аьлча цунна йина йолу кхел стигалшка хьалакхаччал ю, иза мархашна тӀе хьалаяллал ю».

10Сан халкъо боху: «Везачу Эло нийсонца вай меттахӀиттийна, ткъа вай хӀинца, Цийон-лам тӀе а дахана, дӀадийца деза вайн Везачу Дала динарг».

11Везачу Эло мадайхойн паччахьийн са карзахдаьккхина, хӀунда аьлча Иза Бавелан къам хӀаллакдан воллуш ву. Цу тайпана Цо бекхам бийр бу Бавелна, цара Шен дезачу цӀенна динарг бахьана долуш.

ТӀеман хьаькамаша омра до: «Схьаэца шайн турсаш, ирде пхерчий!
12Байракх хьалаайарца омра де Бавел-гӀалин пенашна тӀелата, гӀарол а чӀагӀде, массо а меттехь гӀаролхой дӀа а хӀиттош, мостагӀчунна кӀелонаш а кечъе!»

Везачу Эло Бавелан бахархошна Ша дан леринарг дерриг а кхочушдийр ду.
13 iДукха хишна уллохь Ӏаш йолу а, шортта хазнаш йолу а Бавел-гӀала, хьан чаккхе тӀекхаьчна, хьан дахар дӀахеда хан тӀееана. 14Массо а ницкъийн Везачу Эло Шех чӀагӀо йина: «Бавел, Ас хьуна чу, цӀоз санна, дукха адамаш хоьцур ду, хьуна тӀехь толам баккхарна цара маьхьарий а хьоькхур ду».

Дела хаставаран йиш

15Шен нуьцкъалаллица Цо дуьне кхоьллина,
Шен хьекъалаллица иза чӀагӀдина,
Шен хьекъалца лаьтта тӀехула стигалш яржийна.
16Цо къекъийтича, стигалан хиша гӀовгӀа йо.
Дуьненан йистошкара Цо мархаш хьалаайайо.
ДогӀанаш а догӀуш, Цо хаьштигаш туху,
Шен чӀоьнашна чуьра мох а арабоккху.
17ХӀора стаг сонта а, хьекъал доцуш а ву.
ХӀора куьпчи ша винчу цӀуно юьхьӀаьржачу хӀоттаво.
Цо лалийна суьрташ харцдерг бен дац,
церан кийрахь Ӏаь а, са а дац.
18Церан цхьа а тайпана мах бац,
уьш беламна йина ю.
Кхел ечу хенахь
уьш тӀепаза йовр ю.
19Амма Якъубан тӀаьхьенан Дела иштта вац,
хӀунда аьлча Иза массо а хӀуманан Кхоллархо ву,
ткъа Исраилан къам Цуьнан долахь дерг ду.
Цуьнан цӀе – массо а ницкъийн Веза Эла ю.

Везачу Элан варзап

20Везачу Эло боху: «Бавел, хьо – Сан тӀеман диг ду,
хьо – Сан тӀеман герз ду.
Хьоьца Ас халкъаш а хьошура,
хьоьца Ас пачхьалкхаш а хӀаллакйора.
21Хьоьца Ас говр а, цунна тӀера бере а хьошура,
хьоьца Ас гӀудалкх а, иза лоллуш верг а хьошура,
22хьоьца Аса зуда а, стаг а хьошура,
хьоьца Аса воккханиг а, жиманиг а хьошура,
хьоьца Аса кӀант а, йоӀ а хьошура,
23хьоьца Ас Ӏу а, жа а хьошура,
хьоьца Ас ахархо а, сту а хьошура,
хьоьца Ас мехкада а, куьйгалхо а хьошура».

Бавелна дина таӀзар

24«Ткъа хӀинца ЯхӀудхойн бӀаьргашна хьалха Ас дӀадоькхур ду Бавелан къомана а, хашадхойн махкахь мел бехаш болчарна а цара Цийон-лам тӀехь мел дина вон бахьана долуш, – боху Везачу Эло. – 25Со хьуна дуьхьалваьлла, Бавел! Хьо дерриг а дуьне хӀаллакдеш болу лам санна ю, цундела Ас хьуна тӀе Сайн куьг хьур ду, хьо терхеш тӀера лаьтта охьа а кхуссуш. Хьо багийна болу лам хир бу. 26ЦӀийнан сонна я цӀийнан бухана хьох цхьа а тӀулг схьаоьцур бац. Хьо массо а ханна яссаелла дӀахӀуттур ю», – боху Везачу Эло.

27«ТӀеман байракх хьалаайае! Къаьмнашна юкъахь коьман маӀа лакха! Бавел-гӀалина тӀелата халкъаш кечде! Араратан а, Менин а, Ашкиназан а пачхьалкхаш цунна дуьхьал яха омра де. Царна массарна а тӀехь баьчча хӀоттаве, цӀоз санна дукха говраш а хилийта. 28Бавелна дуьхьалдаха къаьмнаш кечде. Кечбе мадайхойн паччахьаш а, мехкадай а, куьйгалхой а. Кечде церан олаллехь долу дерриг а мехкаш. 29Латта лесташ а, хьийзаш а ду, хӀунда аьлча Везачу Эло Бавелна дан леринарг кхочушхуьлуш ду. Цунна Бавел-махках чохь адам Ӏаш доцуш дассийна латта дан лаьа. 30ТӀом бечуьра сецна Бавелан тӀемалой, уьш чӀагӀйинчу меттигашкахь сецна Ӏаш бу. Ницкъ дӀа а баьлла, уьш зударий санна хилла дӀахӀиттина. ГӀаланийн зайлаш бохийна дӀабаьхна, ткъа церан цӀенош догуш ду. 31Цхьа геланча вукху геланчина тӀаьхьа а кхуьуш, Бавелан паччахье цуьнан гӀала массо а маьӀӀера дӀалаьцна лаьтташ ю аьлла, хаам эцна вогӀу. 32Хиш тӀера массо а дехьаволийла дӀалаьцна лаьтташ ю, гонах йолу уьшалш йогуш ю, тӀемалой кхерамо Ӏадийна». 33Иштта боху Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло: «КӀа ара кечъечу хенахь ког таӀош йолчу хьаьттарх тера ю Бавел. Жимма хан яьлча, ялта гулдан хан тӀекхочур ю». 34«Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара
тхо, дӀа а кхаьллина, дакъадаллалц хуьйдина.
Цо тхо яьсса пхьегӀа санна дӀахӀиттийра.
Саьрмико санна, цо тхо, дӀа а кхаьллина,
тхан уггар дикачух шен кийра бузийра,
ткъа йисинарг дӀакхоьссира.
35Тхуна массарна а йинчу къизаллех
Бавелан къам жоьпе озадойла, –
боху Цийонан бахархоша. –
Оха хьегна баланех хашадхойн мехкан
бахархой жоьпе озабойла», –
боху ярушалаймхоша.

Везачу Эло Исраил-махкана гӀо дар

36Цундела Везачу Эло боху: «Ярушалаймхой, Аса нийсонца къастор ду шун гӀуллакх, ткъа шун мостагӀашна бекхам бийр бу. Аса Бавелан хиш схьадовлу меттигаш а, цуьнан хин шовданаш а дакъор ду. 37Бавел тӀулгийн оьла хилла дӀахӀуттур ю, цунах чангӀалкхийн бен хир бу. Бавел гича, нах къемате а хир бу, шок еттарца цунах кхаьрдар бу. Цхьа а стаг цигахь вехаш хир вац. 38Бавелан бахархой, лоьмаша санна, гӀигӀ деш лела. Церан гӀигӀ дар лоьман кӀорнин санна ду. 39Уьш хьагбеллачу хенахь Аса царна той хӀоттор ду, уьш баххалц царна малор а ду, уьш дикка сакъералуш ханна тӀекхаччалц. Цул тӀаьхьа царна массо а ханна наб кхетар ю, уьш цкъа а сама ца бовлучу тайпана, – боху Везачу Эло. – 40Аса уьш сагӀа даккха кечдина Ӏахарий а, уьстагӀий а, гезарий а санна дӀахьур бу».

Бавелан кхоллам

41Везачу Эло боху: «Ма эшийна ю Шейшак!
Шейшак – иза абатан элпашца къайлаяьккхина йолу Бавел-мехкан кхин цӀе ю.
Ма дӀалаьцна ю дерриг а дуьнено хестийнарг! Ма хили-кх Бавел къемате сурт къаьмнашна юкъахь!
42Бавелна тӀехула хӀорд баьржина, гӀергӀаш йолчу тулгӀенаша иза дӀахьулйина. 43Цуьнан гӀаланаш яссаелла ю, цуьнан латта дакъаделла дӀахӀоьттина ду. Цигахь вехаш цхьа а вац, цхьа а стаг вер вац цу гӀаланашна чухула. 44Ас Бавелехь таӀзар дийр ду Вел-харцдалла: цо дӀа мел кхаьллинарг Ас схьатосуьйтур ду. Иза волчу халкъаш кхин оьхур дац!

Бавелан пенаш а охьаэгна ду.
45Арадала Бавелера, Сан халкъ! ХӀораммо а шен са кӀелхьардаккха Везачу Элан чӀогӀачу оьгӀазлонах. 46Дог доьхна а ма хила, кхера а ма кхера, махкахула шайна хабарш хезча. Цхьана шарахь цхьа хабар хезар ду шуна, вукху шарахь – важа хабар хезар ду. И хабарш махкахь къизалла ярх лаьцна хир ду, цхьана баьччано вукху баьччанна дуьхьалдаккхарх лаьцна а хир ду и хабарш. 47Иштта тӀекхочуш ду Ас Бавелан цӀушна таӀзар дийр долу денош. Берриг а цуьнан мохк юьхьӀаьржачу хӀоттийна хир бу. Массо а махкахула байинчеран декъий Ӏохкуш хир ду. 48 kЦул тӀаьхьа стигал а, латта а, царна тӀехь мел дерг а даккхийдеш хир ду Бавелна хилларг бахьана долуш, хӀунда аьлча къилбаседехьара хӀаллакдо эскарш тӀелетар ду, – боху Везачу Эло. 49 lБавело исраилхой а, дерриг а дуьненан адамаш а хӀаллак-ма-дарра, цуьнан нах а хӀаллакбан беза».

Бавелехь бехаш болчу исраилхойх лаьцна хаам

50«Туьрах кӀелхьардевлларш, шу Бавелера сихха, ца соьцуш, дӀадаха деза. Шаьш геннахь долуш, Веза Эла шайна дагаваийта, Ярушалайм а шайн даг чохь хилийта». 51Аша боху: «Тхайна сий мел доцург хезча, тхуна чӀогӀа эхь хетара. Везачу Элан цӀийнан кертахь йолчу езачу меттигашна чу кхечу къаьмнех болу нах баьхкича, тхо чӀогӀа юьхьӀаьржачу хӀиттина дара». 52Везачу Эло боху: «ТӀекхочуш ду Ас Бавелан цӀушна таӀзар дийр долу денош. Массанхьа а цуьнан лаьтта тӀехь чевнаш хилларш узарш деш хир бу. 53Бавел стигала кхаччалц лакхаяьлла хилча а, цо цигахь шена яккхий чӀагӀонаш йина хилча а, Ас тӀаккха а цунна тӀе нах хьажор бара и гӀала йохаяйта», – боху Везачу Эло.

Бавел кхин дӀа а яссор

54Везачу Эло боху: «ЛадогӀа! Белхар ду Бавелера схьахезаш,
йоккхачу йохоран гӀовгӀа хеза хашадхойн махкара.
55Везачу Эло билггал йохор ю Бавел-гӀала,
цунна чохь мел йолу гӀовгӀа дӀа а туьйш.
Яккхий тулгӀенаш санна, мостагӀий цунна тӀегӀертар бу,
церан буьрса маьхьарий дӀа а хозуьйтуш.
56Бавел йохорхьама эскар цунна тӀегӀертар ду.
Цуьнан тӀемалой йийсаре буьгур бу,
кегдина хир ду церан секхаӀедаш.
Веза Эла – бекхаман Дела ву,
Цо кхоччуш бекхам бийр бу.
57Ас малор ду церан баьччанашна а,
хьекъалчашна а, мехкадайшна а,
меттиган куьйгалхошна а, иштта церан тӀемалошна а.
Царна массо а ханна, кхин сама а ца бовлуш, наб кхетар ю» –
боху Шен цӀе массо а ницкъийн Веза Эла йолчу Паччахьо.

58Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: «Бавелан стаммий пенаш баххаш тӀе кхаччалц дохор ду,
цуьнан лекха кевнаш а цӀерца дагор ду.
Халкъаша къахьегнарг эрна хир ду,
къаьмнаша бина болх цӀеро багийна хир бу».

Ярми-ЯхӀус бина болу Делера хаам Бавеле бахьийтар

59ЯхӀудхойн паччахь волчу ЦӀадукъ-ЯхӀус олалла до доьалгӀачу шарахь Сари-ЯхӀу цуьнца цхьаьна Бавеле вахара. Сари-ЯхӀу Махьси-ЯхӀун кӀентан Нери-ЯхӀун кӀант вара, ткъа иза паччахь Ӏаш волу меттигаш Ӏалашйийриг вара. Ярми-ЯхӀу-пайхамаро цуьнга цхьа хаам дӀабелира. 60Ярми-ЯхӀус Бавелна тӀекхача безаш болчу бохамех лаьцна дерг а, Бавелах лаьцна кхин бина хаамаш а дерриг а тептар тӀе дӀаязбинера. 61Сари-ЯхӀус Ярми-ЯхӀуга элира: «Хьожуш хилалахь: хьо Бавеле кхаьчначул тӀаьхьа хӀара дерриг а цигахь дӀадешалахь, иза массарна а дӀа а хозуьйтуш. 62Цул тӀаьхьа ала: „Веза Эла! Ахьа хӀара меттиг хӀаллакйийр ю ма аьлла, кхузахь цхьа а стаг а, дийнат а кхин а ца Ӏойтуш, кхунах массо а ханна яссийна меттиг дӀа а хӀоттош“. 63 mХьо и тептар дӀадешна ваьлча, цунах тӀулг дӀа а бехкий, иза Эпрат-хина юккъе кхосса. 64Изза Бавел-гӀалина а хир ду: иза кхин хьалагӀатталур йоцуш хи буха гӀур ю, Везачу Эло цунна тӀе бен болу бохам бахьана долуш».

Цу тӀехь Ярми-ЯхӀун дешнаш чекхдовлу.
Copyright information for CheCAC2012