Jeremiah 52:4-14
4 aЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тӀамца тӀевахара. ГӀалина уллохь меттамотт дӀа а хӀоттийна, ерриг а гӀалина гонах гунаш дира цара, иза схьаяккха кечам бархьама. 5ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до цхьайтталгӀа шо тӀекхаччалц, мостагӀаша го бина лаьттира Ярушалайм. 6Цу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀа де тӀекхаьчча, гӀалахь мацалла йолаелира. Цу чохь болчу бахархошна даа хӀума ца диснера. 7 bМостагӀчо гӀалин пенах доккха Ӏуьрг даьккхича, берриг а Ярушалаймера тӀемалоша дӀабовда кечам бира. Хашадхой гӀалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь лаьттачу кевнехула гӀали чуьра араделира массо а эскар. Иза Ӏариба-тогӀи йолчу дедда дӀадахара. 8Амма хашадхойн эскар тӀаьхьаделира ЦӀадукъ-ЯхӀуна. Ерихон-гӀалин аренашкахь уьш цунна тӀаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера берриш а тӀемалой цунна уллора дӀасабевдира. 9Паччахь схьа а лаьцна, цара иза Бавелан паччахь волчу схьавалийра Хьамат-махкахь йолчу Рабила-гӀала. Цигахь цунна кхел йира. 10Бавелан паччахьо ЦӀадукъ-ЯхӀун кӀентий цунна хьалха байира, иштта ЯхӀуд-махкара элий а хӀаллакбира цо Рабила-гӀалахь. 11 cТкъа ЦӀадукъ-ЯхӀун ши бӀаьрг а баккхий, цунна цӀестан буржалш тоха аьлла, омра дира цо. Цул тӀаьхьа Бавелан паччахьо иза, Бавеле дӀа а вигна, набахти чу воьллира. Иза ша валлалц цу набахти чохь ваьллира.Везачу Элан цӀа дохор
(ТӀаьххьарнаш 25:8-17)
12Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь паччахьан гӀаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара. 13 dЦо Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, Ярушалаймера массо а цӀа а цӀе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цӀенош а дагийра. 14Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра.
Copyright information for
CheCAC2012