‏ Jeremiah 6:12-15

12ТӀаккха церан цӀенош а, кхаш а, церан зударий а кхечарна дӀалур бу. Аса Сайн куьг тӀедуьллур ду кху махкахь дехаш долчу адамашна, царна таӀзар дархьама, – боху Везачу Эло. – 13КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тӀера динан дайшна тӀе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. 14 aСан къомана тӀехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хӀумма а дац бохуш. Цара Сан къам Ӏехадо, цуьнга машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. 15 bЭхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хӀума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цӀий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хӀаллакьхир бу. Нахана таӀзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш», – боху Везачу Эло.
Copyright information for CheCAC2012