Jeremiah 7:30-32
30Суна вон хеташ долу хӀума дина ЯхӀудан халкъо, – боху Везачу Эло. – Сан цӀе лелош долчу цӀа чохь цара шайн дегаза цӀуш дӀахӀиттийна, и цӀа бех а деш. 31 aБен-ХӀинам-тогӀи чохь йолчу Тупатахь цара сагӀа доккху меттигаш кечйира, цигахь шайн кӀентий а, зудабераш а дагорхьама. И хӀума Аса царна тӀе ца диллина, ткъа иза Суна дагадеана а дац. 32Цундела, варелаш! – боху Везачу Эло, – тӀекхочур ю цхьа зама, адамаша хӀокху меттиган Тупат, я Бен-ХӀинам-тогӀи аьлла, цӀе йоккхур йоцу. Кху меттиган цӀе Байаран ТогӀи аьлла хир ю, хӀунда аьлча шайн байина болу нах цара кхузахь дӀабухкур бу, кхузара меттиг чекхъяллалц.
Copyright information for
CheCAC2012