‏ Jeremiah 8:10-12

10Цундела Аса церан зударий кхечарна дӀалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дӀа. КӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тӀера динан дайшна тӀе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. 11 aСан къомана тӀехь йолчу чевнашна дарба до цара, и чевнаш хӀумма а дац бохуш. Цара Сан къам Ӏехадо, цуьнгахь машар бу а бохуш, машар ца хуьллушехь. 12 bЭхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хӀума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цӀий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хӀаллакьхир бу. Нахана таӀзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш“», – боху Везачу Эло.
Copyright information for CheCAC2012