Job 32
ЭлихӀус дина къамелаш
(32:1–37:24)
1ТӀаккха Аюбан кхо доттагӀа цунна дуьхьал хӀумма а ца олуш сецира, хӀунда аьлча иза ша бакъ хиларх тешна вара. 2Эццахь бузихойх волу Барахиалан кӀант ЭлихӀу оьгӀазвахара. Иза ша Раман доьзалера вара. ЭлихӀу Аюбана оьгӀазвахара, цо ша Делал а чӀогӀа бакъвар бахьана долуш. 3Иштта Аюбан кхаа доттагӀчунна а оьгӀазвахара ЭлихӀу, хӀунда аьлча цара, Аюбана дала жоп ца карийнехь а, цунна бехк биллира. 4ЭлихӀу Аюб вистхилла валлалц собар деш вара, хӀунда аьлча къамел деш берш берриш а цул баккхий бара. 5Амма, важа кхоъ кхин хӀумма а ца олуш сецча, иза оьгӀазвахара.ЭлихӀу
6Бузихо волчу Барахиалан кӀанта ЭлихӀус элира: «Шерашца дуьстича, со шул жима ву, ткъа шу сол даккхий ду.Цундела озавелла, сайна хетарг ца олуш Ӏаш вара со.
7Ас сайга бохура: „Хан яьлларш бист хуьлуьйтур бу ас,
воккханиг ву хьекъалалла дала дезаш верг“.
8Амма адамна хьекъал лург Делан Са ду,
Нуьцкъалчун Ӏаьнаро цунна кхетам ло.
9Бакъ дац хан яьлла волчун бен хьекъал дац бохург,
къоначарна а го нийсонца дерг.
10Цундела ас боху: „ЛадогӀа соьга,
со а сайна хууш дерг ала воллу“.
11Ас собарца ладуьйгӀира шун къамелашка,
леррина ладуьйгӀира шун хьекъалечу дешнашка,
шаьш ала дезарг аша лоьхучу хенахь.
12Дикка хьоьжуш вара со шуьга,
амма шух цхьаммо а Аюб къар а ца вира,
цо аьллачунна дуьхьал жоп а ца делира.
13Аша баха ца оьшу: „Аюбана чохь хьекъалалла карийна тхуна“.
Аюб къарвийриг Дела хир ву, адам хир дац.
14Аюб соьга луьйш вацара,
цундела ас цунна жоп аша санна лур дац.
15Уьш дог доьхна лаьтта, кхин хӀумма а алалуш а боцуш.
Церан хӀумма а ала ца дисна, уьш дӀасецна.
16Со мел хьежарх а, уьш бист хуьлуш бац,
кхин хӀумма а ца олуш, дӀасецна уьш.
17Цундела ас сайгара жоп лур ду,
сайна хууш дерг а эр ду,
18хӀунда аьлча дешнех хьалавуьзна ву со,
ткъа сан кийрахь долчу сино Ӏаткъам бо суна.
19Сан кийра садеӀалуш доцу керла чагӀар санна бу,
иза эккха боллуш болу пӀаьлдиг санна бу.
20Соьга алийта, суна атта хилийтархьама.
Сан балдаш дӀаделлийта, соьга жоп далийтархьама.
21Цхьаьнгге а ас озабезам бийр бац,
цхьана а адамна хьеста а лур вац со.
Суна хьеставала ца хаьа,
амма иза иштта ца хилча,
со Кхоьллинчо со сихха дӀавоккхур вара».
22
Job 33
ЭлихӀус кхидӀа а элира: 1«Ткъа хӀинца, Аюб, ас бохучуьнга ла а догӀа,массо а ас олучу дешан тидам а бе.
2ХӀинца ас сайн бага дӀайоьллу,
сан дешнаш меттан юьххьехь ду.
3ЦӀеначу даг чуьра сан дешнаш схьадовлу,
суна хууш дерг сан матто цӀена схьабоху.
4Со Делан Сино кхоьллина,
Нуьцкъалчун Ӏаьнаро суна дахар ло.
5Хьайн аьтто белахь, жоп ло суна,
соьца къовса кеч а ло, дӀа а хӀоттий.
6Далла хьалха со а хьо верриг ву,
со-со а ву поппарх вина.
7Цундела сох болчу кхерамо хьо Ӏада ма во,
хьуна тӀехь болу сан Ӏаткъам беза хир бац.
8Суна сайна хезира ахьа мел аьлларг,
хьан аз хӀинца а сан лерехь ду:
9„Со цӀена ву, зуламаш лелийна а воцуш,
со бехказа ву, къинош летийна а воцуш.
10Ткъа Далла суна таӀзар дан бахьанаш карадо,
со Шен мостагӀа а лору Цо.
11 aЦо сан когашна буржалш тоьхна,
ас мел боккхучу коге леррина хьоьжу“.
12Цу тӀехь хьо бакъ вац, Аюб,
хӀунда аьлча Дела адамал лекха ву.
13ХӀунда къийсало хьо Цуьнца,
адамо олучу дешнашна Цо жоп ма ца ло?
14Дела адаме юх-юха а вистхуьлуш велахь а,
Цо бохург ца тусало стагана.
15 bЦо гӀенах олу стаге я буьйсанан суьртехь,
кӀорга наб адамна кхеттачу хенахь
я шен меттахь стаг Ӏуьллучу хенахь.
16ТӀаккха церан лерг сама а доккхий,
дикка гучу тайпана царна лерина
долу Шен дӀахьедар до Цо,
17стага дан леринарг цуьнга ца дайта а,
цуьнан куралла дӀаяккха а,
18иштта иза эхартана гена ваккхархьама а,
цуьнан дахар Ӏожаллин хих чекх ца далийтархьама а.
19Шен меттахь лазарца кхетаво Цо иза,
цуьнан даьӀахкашкахь гуттар а тӀом а латтош.
20ТӀаккха цуьнан кийрано яа хӀума тӀе ца оьцу,
уггар токхе йолу хӀума а цуьнга ца яало.
21Цуьнан дегӀ гӀелло, цунах хӀумма а ца дуьсу,
хьалха гуш йоцу цуьнан даьӀахкаш гучуйоху.
22Цуьнан са эхарте кхочуш ду,
ткъа цуьнан дахар – Ӏожалла
тӀеяхьаш болчу геланчашка.
23Амма нийса муха лела деза гайтархьама,
адамна юкъалелаш долу малик делахь,
вуно дуккха а долчу маликех цхьаъ,
24оцу стагах къинхетам а бина, цо эр ду Деле:
„Эхарте кхачарх паргӀатваккхахьа иза,
цунах такха дезарг суна карийна“.
25ТӀаккха цуьнан дегӀ къона волуш хилларг санна, дӀахӀуттур ду,
иза юхавоьрзур ву шен жималлин деношка.
26Цо Деле доӀа дийр ду, ткъа Дела цунна тамехь хир ву.
Деле Ӏибадат а деш, цо воккхаверца мохь хьокхур бу.
Дала цуьнан нийса хьал юхаметтахӀоттор ду.
27Нахе дӀадуьйцур ду цо шена хилларг:
„Ас къинош летийна сайх, харцдолчух бакъдерг а деш,
амма суна догӀу таӀзар Цо суна ца дина.
28Эхарте кхачарх со паргӀатваьккхира Цо,
хӀинца сан дахар серлонах дуьзна ду“.
29И дерриг а Дала адаман дуьхьа деш ду,
кхин шозза, кхузза дукхах а деш,
30цуьнан са эхарте кхачарх даккхархьама а,
цунна дахаран серло лепийтархьама а.
31Тидам бе, Аюб, ладогӀа ас бохучуьнга.
ХӀумма а ма ала, ткъа аса дуьйцур ду.
32Амма хьайн ала хӀума делахь, суна дуьхьал ала.
Вист а хила, хӀунда аьлча суна лаьа хьо бехказавоккхийла.
Нагахь хьайн ала хӀума дацахь, вист а ца хуьлуш Ӏе,
ас Ӏамор ду хьуна хьекъале дерг».
33
Job 34
1ТӀаккха ЭлихӀус шен къамел кхидӀа а дира: 2«ЛадогӀа, хьекъалчаш, ас бохучуьнга,шайн лергаш соьга схьадерзаде, кхетам берш,
3хӀунда аьлча лергаша дешнаш къастадо,
матто юучу хӀуманан чам къастош санна.
4Талла а теллина, ваьшна нийса хӀун ду къастор вай,
вайна юкъахь диканиг хӀун ду девзар вайна.
5Аюба элира: „Со нийса ву,
амма Дала сан гӀуллакх кхеле ца диллира.
6Со нийса велахь а,
харц лоруш ву со.
Сан бехк боццушехь,
суна йинарг йоьрзур йоцу чов ю“.
7Хир вуй ткъа Аюб санна волу стаг?
Цо Деле кхардаме хӀуманаш, хи молуш санна, дуьйцу,
8иза харцонаш лелочеран накъосталлехь лела,
цуьнан некъаш Ӏесачеран некъех дӀакхетта.
9ХӀунда аьлча цо боху: „Стагана пайда бац,
Далла тамехь хила иза гӀерташ хилча!“
10Кхетам берш, ладогӀа соьга!
Дала харцдерг лело йиш яц,
Ницкъболчо зулам лело а йиш яц.
11 cЦо стагана цуьнан гӀуллакхашка хьаьжжина ло доггӀург,
хӀоранна а леларна хьакъ дерг дӀало Цо.
12Бакъ ду: Дала харцонца дерг а ца до,
Ницкъболчо харцкхел а ца йо.
13Хьан хӀоттийна Иза дуьненна Ӏуналла дан?
Мила ву дерриг а дуьненна тӀехь куьйгалла деш верг?
14Нагахь Цо Шен дог даийтича,
Шен са а, садеӀар а Цо юхадаьккхича,
15эццахь дуьнен тӀехь мел долу адам,
хӀаллак а хилла, чан хилла дӀахӀуттур дара.
16Нагахь санна хьайгахь кхетам белахь,
со а хезаш, ас бохучуьнга ладогӀа.
17Бакъйолу кхел ца езаш верг олаллехь хила йиш юй?
Нийса а, сийлахь а волу Дела бехке ван йиш хир ю хьан?
18Делан паччахье ала йиш ю: „Хьо – сий доцург ву“,
Цуьнан йиш ю элашка а ала: „Шу – Ӏесанаш ду“.
19Амма Цо баьччанашка озабезам а ца бо,
ткъа хьалдерг къечух а ца къаставо,
хӀунда аьлча уьш берриш а Цуьнан куьйгаша кхоьллина бу.
20ЦӀеххьана, буьйса юккъе яханчу хенахь, уьш ле.
Массо а инзарваьллачохь а вуьтий, уьш дӀакхелха.
ПӀелг тӀе пӀелг а тоьхна, Цо ницкъберш дӀалохку.
21Везачу Элан бӀаьргаш адаман некъаш тӀехь ду,
Цунна адамо мел боккху ког а го.
22Яц дуьнен чохь тоьуш бода болу меттиг,
харцонаш лелораш къайлабовлалур болуш.
23Кхин а леррина адам таллар Цунна ца оьшу,
иза Шена хьалха кхеле озадайтархьама.
24Таллам боцуш Цо ницкъберш а хьоьший,
церан метта кхинаш дӀахӀиттабо,
25хӀунда аьлча Цунна хууш ду цара леладо гӀуллакхаш.
Буьйсанна царна тӀехь толам а боккхий, уьш дӀахьоьшу Цо.
26Ӏесачу нахана санна, царна таӀзар до Дала,
массо а нахана уьш гуш болчу меттехь,
27Шена тӀаьхьахӀиттинчуьра уьш дӀабирзина дела а,
Шен некъийн цара тидам ца бина дела а.
28Уьш бахьана долуш, къечеран узарш Далла хьалха ду,
ткъа гӀело хьоьгучеран узарш а Цунна дӀахезаш ду.
29Иза вист а ца хуьлуш Ӏаш хилча, Цунна хьан бехк буьллур бу?
Цо Шен юьхь къайлаяьккхина хилча, Иза хьанна гур ву?
Цхьатерра ву Иза халкъана а, адамна а,
30диндоцу стаг паччахь вина дӀа а ца хӀоттийна,
нахана кӀело йиначуьнга царна тӀехь куьйгалла ца дайта.
31Цкъа а Деле аьллий ахь: „Со бехке ву,
хӀинца чул тӀаьхьа ас къинош летор дац.
32Суна ца хууш дерг Ахь суна Ӏамадехьа?
Ас зулам динехь, и саннарг кхин дийр дац“.
33Дала деш дерг ахь дӀатоттучу хенахь
таӀзар даза Иза Ӏийр ву моьтту хьуна?
Хьо ву сацам бан безарг, со вац.
Ала хӀинца хьайна хууш дерг.
34Кхетам болчара соьга эр ду,
со хезна волчу хьекъалчо эр ду:
35„Хьекъале къамел дац Аюба дийриг,
маьӀна долуш хӀума дац цо бохург“.
36Зуламхоша санна, жоьпаш даларна,
Аюбана кхоччуш таӀзар динехьара!
Шен къиношна тӀе цо аьрхалла а туху.
Вайна юкъахь деза дешнаш а детташ,
Деле Ӏеса къамелаш деш ву иза».
37
Job 35
1ЭлихӀус кхин а дӀа дира шен къамел: 2«„Далла хьалха со бакъонна тӀехь лаьтта“, – аьлла,дийцар нийса хетий хьуна?
3Ахьа боху: „Суна хӀун пайда бу?
Аса къинош ца летийча а, хӀун пайда бу?“
4Суна луур дара хьуна а,
хьан доттагӀашна а жоп дала.
5Стигала хьалахьажа, гуш хила!
Лакхахь йолчу мархийн тидам бе!
6 dАхьа къа латийча, Далла хӀун ду?
Ахьа хьайн вонаш алсамдаьхча, Цунна хӀун ду иза?
7Хьо нийса лелча, Цунна хӀун ло ахьа?
ХӀун кхочу Цунна хьан карара?
8Хьан Ӏесалла хьо санна долчу адамех бен ца хьакхало,
ткъа хьан нийсо хьо санна волчу стагах бен ца хьакхало.
9Дуккха а йолу гӀелонаш ловчу адамаша орца доккху,
ницкъболчийн куьйгаш кӀелара схьахезаш ду церан узарш.
10Амма цхьаммо а ца боху: „Мичахь ву со кхоьллина Дела,
буьйсанна иллеш ала тхуна ницкъ луш Верг,
11лаьттарчу акхаройл а тхан кхетам алсамбаьккхинарг,
стигаларчу олхазарел а тхан хьекъал совдаьккхинарг?“
12Везачу Эло жоп ца ло орца доккхуш болчарна,
вочу нехан кура дегнаш бахьана долуш.
13Эрна ду иза – Дала оцуьнга ла ца дугӀу,
Нуьцкъалчу Далла и орца даккхар гуш дац.
14Дала мел кӀезиг ладугӀур ду хьоьга,
Иза хьайна ца го ахь баьхча,
хьайн гӀуллакх Цунна хьалха ду,
Цуьнга хьежа деза ахь баьхча.
15Хьуна моьтту, Везачу Эло къинош
летош берш таӀзар ца деш буьту,
церан къинош Шена ца гуш санна.
Аюба къамелаш дан шен бага еллар эрна ду.
Кхетам боцуш, цо дешнаш дуьйцуш а ду».
16
Job 36
1ЭлихӀус, кхин а шен къамел дӀа а деш, элира: 2«Жимма собар де, ас гойтур ду хьуна,Делан цӀарах кхин а хӀума ала дезаш хилар.
3Ас сайн ойла тайп-тайпанарчу меттигашкара схьаялор ю,
со Кхоьллинарг нийса хилар ас билггала гойтур ду.
4Бакъду, сан дешнаш харц ца хуьлу.
Кхетам кхоччуш болу со хьоьгахьа ву.
5Дела сийлахь ву, ткъа цхьа а дӀа ца тотту Цо.
Иза сийлахь ву, Цуьнан кхетам кӀорга бу.
6Ӏесаниг Цо дийна ца вуьту,
гӀело хьоьгучунна нийса кхел йойту.
7Шен лаамехь волчунах бӀаьрг ца бадабо Цо,
ткъа паччахьашка санна цуьнга олалла дойту,
лекхачу даржехь иза хилийтархьама.
8Нагахь уьш, буржалш а тоьхна,
Ӏазапехь латтош белахь,
9Цо дӀагойту цара мел лелийнарг а,
дозаллех буьзна уьш хиларна, церан аьрхалла а.
10ТӀехдеттаре ладогӀийта церан лергаш дӀадоьллу Дала,
иштта шаьш лелочу зуламех дӀаберзар царна тӀедуьллу Цо.
11Цуьнга ла а дугӀуш, Цунна гӀуллакх а деш уьш лелахь,
цара шайн дахаран денош беркатехь дохур ду,
шайн дахаран шераш самукъане дохур ду.
12Нагахь Цуьнга цара ла ца догӀахь,
уьш Ӏожаллин хих чекхбевр а бу,
кхетам боцурш санна лийр а бу.
13Даггара дин ца лелочара шайн дегнаш чохь оьгӀазалла латтайо,
цара Цуьнга ца кхойкху, Цо шайна буржалш тоьхча а.
14Уьш къона болчу хенахь церан синош леш ду,
цӀуйн дуьхьа вовшашца лелачу божаршна юкъахь.
15Цуьнан бала хьегарехула пекъар паргӀатвоккху Цо,
цуьнан гӀело хьегарехула лергаш дӀадоьллу Цо.
16Хьо а ваьккхинера Цо готтачу меттера
цхьа а дуьхьало йоцучу шуьйрачу аренга,
хьуна хьалха токхе шун а хӀоттийнера Цо.
17Амма хӀинца Ӏесачунна догӀу таӀзарх вуьзна ву хьо,
цунна леринчу кхело а, таӀзаро а схьалаьцна хьо.
18Варелахь, хьоле хьо Ӏеха ма вайталахь!
Боккхачу кхоэ хьо тила ма вайталахь!
19Хьайн хьал доккха хиларна
я хьо чӀогӀа гӀерташ хиларна,
баланех кӀелхьарвер ву те хьо?
20Халкъаш цӀеххьана меттахдохуш
йолчу буьйсане са ма тийса.
21Варелахь, вочуьнгахьа ма верзалахь,
хӀунда аьлча цунах дӀаверзарна
гӀело хьоьгуш ма ву хьо.
22Хьажал, мел боккха бу Делан ницкъ!
Кхин вуй ткъа Цул воккха хьехамча?
23Цунна хьан гойтур ду Цо дан дезарг?
Хьан эр ду Цуьнга: „Ахьа дийриг зуламе ду“?
24Иллешкахь наха дуьйцуш долчу Цуьнан
гӀуллакхашна хастамаш бан виц ма ло.
25Уьш массо а адамашна гина ду,
амма стагана геннара бен уьш гина дац.
26Ма сийлахь ву Дела – Цунах вай кхетар дац.
Цуьнан шерийн терахь вайга таллалур дац.
27Цо хин тӀадамаш Шена схьагулдо,
ткъа, догӀа а литтина, царах дохк до.
28Мархаша шайн тӀуналла охьаӀанайо,
шортта догӀа охьадогӀу адамашна тӀе.
29Цхьа а ца кхета, мархаш муха дӀасаяржайо Дала,
иштта Шен хӀусамна тӀера стигал муха къекъайо Цо.
30Хьажал, Шена гонах Дала стелахаьштиг туху,
ткъа хӀордан бух, дӀахьулбина, къайлабоккху.
31Оццу тайпана адамашна кхел йо Цо,
царна шортта кхача а ло Цо.
32Цо куьйгаца схьаоьцу стелахаьштиг,
цунна мича кхета деза а дуьйцу Цо.
Ткъесан гӀовгӀано хаам бо дарц хьакхарх,
ткъа бежанашна иза тӀедар хууш ду».
33
Job 37
ЭлихӀус кхидӀа а элира: 1«Цу бахьанина сан дог дегош ду,меттах а даьлла, сан дог деттало.
2ЛадогӀа стигал къекъарх тера долчу Делан озе,
ладогӀа Цуьнан багара схьадолуш долчу оцу озе.
3Ерриг а стигал кӀелахь Цо къоьгуьйту
Шен серло лаьттан йистошка кхаччалц.
4ТӀаккха Делан озо гӀовгӀа йо.
Шен возаллин озаца Цо гӀовгӀа йо.
Шен аз хезаш долчу хенахь
стелахаьштигаш а ца сецадо Цо.
5Тамашийна схьахезаш ду Делан аз,
вайн кхета ницкъ ца кхочу даккхий хӀуманаш до Цо.
6Лоне Цо олу: „Лаьтта тӀе охьагӀо“,
догӀанан йочане: „Сихха охьаэга!“
7ХӀорра а болх бечуьра дӀасацаво Цо,
массарна а Ша дийриг дӀахаийтархьама.
8Акхарой дӀалечкъийлашна чу а йоьлхий,
шайн баннаш чохь совцу.
9Къилбехьара йилбазмох хьоькху,
къилбаседехьара шело кхочу.
10Шен садеӀарца Дала ша бойту,
тӀаккха хийн шералла чӀагӀйина дӀахӀутту.
11ДогӀанан мархаш Цо тӀуналлех юзу,
цаьргахула Цо стелахаьштиг даржадо.
12Цуьнан лаамца массанхьа а мархаш хьийзаш ю,
дерриг а дуьнен тӀехь Цо аьлларг кхочуш а деш.
13Цуьнан лаамца иза массо а кхочушдеш ду,
я лаьттана таӀзар дархьама,
я нахана Шен безам гайтархьама.
14Оцу хӀуманийн тидам бехьа, Аюб.
ДӀасацахьа, Делан исбаьхьачу гӀуллакхашка хьажахьа.
15Хьуна хаьий, Аюб, Дала мархашна куьйгалла муха до,
Цо ткъес муха къогуьйту?
16Хаьий хьуна, стигалахь мархаш муха латтало?
Кхетам кхоччуш Болчун тамашийна гӀуллакхаш ду уьш.
17Хьуна тӀера бедарш йохлой дӀахӀуьтту,
къилбехьара бовхачу мохо латта дӀатедича.
18Хьуна хуур дарий, Цунна санна, стигал дӀасаяржо,
заьнгалчу цӀастанах дина куьзга санна,
иза чӀагӀдина дӀа а хӀуттуьйтуш?
19Дийцахьа тхуна Цуьнга ала дезарг.
Цуьнца дуьйцучу хенахь хӀун ала деза,
тхо боданехь дехаш Ӏаш ма ду.
20Суна вистхила лаар Цуьнга ала дезий те?
Ша дӀакхаьллина хилар стага доьхий те?
21Леррина малхе хьажа йиш яц,
стигал, мох хьаькхча, дӀа а цӀанйина,
иза стигалахь сов къегаш хилча.
22Къилбаседехьара дашо серло схьакхочу,
Далла гонах олаллин нур ду лаьтташ.
23Ницкъболчух кхета аьтту бац тхан.
Шен ницкъе а, бакъйолу кхел яре а хьаьжжина,
Иза мел воккха ву. Цуьнан нийсо шортта ю.
Цо цхьана а стагана гӀело а ца йо.
24Цундела адамаш Деле болчу ларамах дуьзна хуьлу,
амма шаьш хьекъале лоручийн Цо тидам ца бо».
Copyright information for
CheCAC2012