a Аюб 33:15.
Job 4
1Теманхо волчу Элипаза иштта жоп делира: 2«Хьоьга хӀума алахь, хьуна вас хир ю те?Делахь а, вист ца хуьлуш мила Ӏалур ву?
3Дукхахболчарна ахьа хьехамаш бора,
гӀелделлачу куьйгашна юха а ницкъ лора,
4гӀийланиг хьан дешнаша чӀагӀвора,
ког тасабелларг охьа ца вужуьйтура.
5Амма хӀинца хьуна тӀе вон деъна, ткъа хьо гӀайгӀанехь ву,
хьох хьакхаделлачу зуламо хьо вохийна.
6Деле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо тешна ца хуьлу те?
Хьан некъаш кхоччуш цӀена хиларх хьо сатуьйсуш ца хуьлу те?
7Дагадаийтахьа хьайна, бехк боцург хӀаллакьхилла гиний хьуна,
я бакъахьа леларг таӀзар дина гиний?
8Зулам охучара а, вониг тосучара а
бохамийн ялта схьаэцар гина суна.
9Делан садеӀаро уьш хӀаллакбо,
Цуьнан оьгӀазлоно уьш боха а бо.
10Лоьмаша деш долу гӀигӀ Дала дӀасоцуьйту,
къоначу лоьмийн цергаш Цо схьайоху.
11Нуьцкъала лом шена ижу ца хилча ле,
ткъа лоьмийн кӀорнеш дӀасаяьржа.
12Цхьана дийнахь къайлаха хаам беара соьга,
сан лергашна цунах лаьцна цхьа шабар-шибар деш хезира,
13 aсингаттамечу буса гуш долу гӀенаш санна,
чӀогӀа наб а кхетта, адам дӀадижначу хенахь.
14Суна чӀогӀа кхерам тесна дела,
сан массо а даьӀахк егош яра.
15Суна тӀехула цхьа са дӀадахара,
ткъа сан коьртара месаш ирахӀиттира.
16Иза сецира, амма суна цуьнан сибат ца гора,
сан бӀаьргашна хьалха цуьнан амат бен дацара.
Лохха мох хьокхуш санна хеттачу суна цуьнан аз хезира:
17„Адаман йиш юй Далла хьалха бакъахьара хила? ▼
▼Адаман йиш юй Далла хьалха бакъахьара хила? – я иштта: Делал бакъахьара хир дуй адам?
Цуьнан йиш юй ша Кхоьллинчунна хьалха цӀена хила? ▼
▼Цуьнан йиш юй ша Кхоьллинчунна хьалха цӀена хила? – я иштта: Ша кхоьллинчул а цӀена хир дуй иза?
“18Иза ур-атталла стигаларчу Шен ялхойх а тешна Ӏаш вац,
ур-атталла Шен маликашна тӀехь а Цунна кхачамбацарш го.
19Кхин а кӀезиг тешна Ӏаш хир ву Иза адамех,
церан догӀмаш поппарх дича санна долчу,
церан дахар гӀамар тӀехь лаьтташ санна долчу.
Уьш-м нецал а атта тӀетоьхна дайалур ма ду.
20Ӏуьйранна сарралц уьш хьоьшуш ду,
цхьанна а гур а доцуш, гуттаренна а хӀаллакьхуьлу.
Машшаш а хедийна, церан четар дакъазадоху.
Уьш ле, хьекъалалле кхин ца кхочуш».
21
Copyright information for
CheCAC2012