Joel 3:4-8
4 aШу-м хӀун яра Суна, Цора а, ЦӀадан а гӀаланаш, пӀелаштамхойн массо а латтанаш? Суна бекхам бан лаьий те шуна? Атта а, кестта а Сан халкъана динарг шун кортошна тӀе а дерзор ду. 5Сан дети а, Сан деши а аша дӀадаьхьна. Сан уггар а тоьллачех йолу еза хӀуманаш а шайн деланийн цӀенош чу яьхьна. 6ЯхӀудан а, Ярушалайман а бахархой грекахошна дӀабухкура аша, церан дозанашкара уьш генна бахархьама. 7Хьажал, аша дӀабоьхкинчу меттера Аса хьалагӀиттор бу уьш, Сан халкъана динарг шун кортошна тӀе а дерзор ду. 8Шун кӀентий а, йоӀарий а яхӀудхошна дӀабухкуьйтур бу Ас. Ткъа цара уьш шебахошна, геннара долчу халкъана дӀабухкур бу», – иштта аьлла Везачу Эло.
Copyright information for
CheCAC2012