‏ John 1:19-27

Яхьъя-пайхамаро Ӏийсах лаьцна тоьшалла дар

(Маттай 3:1-12; Марк 1:1-8; Лака 3:1-18)

19Ярушалаймера динан куьйгалхоша бахкийтинчу динан дайша а, Леви цӀе йолчу тайпанан, Делан цӀа чохь болх беш болчу наха а Яхьъяга хаттар дира: «Хьо мила ву?» – аьлла.

20Яхьъяс иштта тоьшалла дира, шен дашна тӀера юха а ца волуш, ма-дарра дӀа а олуш: «Со Дала леррина Къобалвинарг вац».

21 aЦуьнга юха а хаьттира: «Ткъа хьо мила ву? Эли-ЯхӀу-пайхамар вуй хьо?»

«И вац со».

«Делахь билггала ван веза пайхамар ву хьо?»

«Вац», – аьлла, жоп делира Яхьъяс.

22ТӀаккха цара элира Яхьъяга: «Ткъа хьо мила ву, дийцахьа тхуна, тхаьш хьуна тӀе хьовсийначаьрга жоп далархьама. Хьайх лаьцна хӀун олу ахь?»

23 bЯхьъяс жоп делира ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаран дешнашца: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз ду со:
„Везачу Элана хьалхара некъ нисбе“».

24Ткъа Яхьъяна тӀебахкийтинарш парушхойх бара. 25ТӀаккха цара хаьттира Яхьъяга: «Хьо я Дала леррина Къобалвинарг а ца хилча, я Эли-ЯхӀу а, я билггала ван веза пайхамар а воццушехь, нах хих чекх хӀунда боху ахь?»

26Яхьъяс жоп делира цаьрга: «Ас шу хих чекхдоху. Амма шуна юкъахь лаьтташ Хьенех ву, шуна вевзаш воцу. 27Иза сол тӀаьхьа вогӀуш велахь а, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ долуш вац».
Copyright information for CheCAC2012