John 11:45-53
45ТӀаккха Марем йолчу баьхкинчу яхӀудхойх дукхахберш, Ӏийсас динарг а гина, тийшира Цунах. 46Ткъа царах цхьаберш парушхошна тӀебахара. Ӏийсас динарг дийцира цара парушхошка. 47ТӀаккха динан коьртачу дайша а, парушхоша а, коьртачу кхеташо а гулйина, элира: «ХӀун дийр дара те вай? ХӀунда аьлча хӀокху Стага дукха тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш ма гойту? 48Нагахь вай Иза иштта витахь, массо а нах Цунах тешар бу. ТӀаккха, римхой а баьхкина, цара вайн Делан цӀа а, вайн халкъ а хӀаллакдийр ду». 49Царах цхьаммо, цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбас, элира: «Шуна хӀумма а ца хаьа, 50я шу кхета а ца кхета шайна гӀоле йолчух. И цхьа стаг массо а халкъан дуьхьа валар гӀоле ю, дерриг халкъ хӀаллакьхуьлучул». 51Иза Кайбас ша-шегара ца элира. Амма ша цу шарахь динан коьрта да хиларна, цо Делера болу хаам бовзуьйтуш, аьллера, Ӏийса вайн халкъан дуьхьа лийр ву аьлла. 52Амма халкъан дуьхьа хилла а ца Ӏаш, дӀасадаьржина долу массо а Делан бераш схьа а гулдина, уьш цхьаьнатохархьама а хила дезаш дара иза. 53Цу дийнахь дуьйна Ӏийса вен сацам бира цара.
Copyright information for
CheCAC2012