‏ John 12:1-8

Бет-ХӀинехь Ӏийсана тӀе деза даьтта доттар

(Маттай 26:6-13; Марк 14:3-9)

1Иштта, Пасахьан деза де тӀекхача ялх де дисича, Бет-ХӀина олучу гӀала веара Ӏийса. Ӏийсас веллачуьра денвина волу ЛаӀзар а вара цигахь вехаш. 2Цигахь суьйренан пхьор кечдинера Ӏийсана. Марта а яра гӀуллакхаш деш. И ЛаӀзар а вара Ӏийсаца пхьор дуучаьрца. 3 aТӀаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Ӏийсан когаш тӀе доьттира. Цул тӀаьхьа шен коьртара месашца Ӏийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цӀа хаза хьожа йогӀучу даьттанан хьожанах дуьзира. 4ТӀаккха Ӏийсан мурдех цхьаммо, ЯхӀуд-Искархочо, тӀаьхьа Ӏийсана ямартло ен волчо, элира: 5«И деза даьтта кхо бӀе динари ахчанах дохка а доьхкина, мискачарна дӀа хӀунда ца дийкъира вай?» 6И ша аьлларг ца элира цо мискачу нехан бала кхаьчна, ткъа ша къу хиларна элира. Шегахь мурдийн ахча Ӏалашдеш лелош болу тӀоьрмаг болу дела, наггахь цу чу тосучу ахчанах хӀума схьаоьцура цо шена.

7ТӀаккха Ӏийсас элира: «Йита и зуда. Шена ца хуъушехь, Со дӀавуллун волчу денна Ӏалашдина хилла цо и даьтта
Шена ца хуъушехь... цо и даьтта – я иштта: Бухадиснарг Со дӀавуллучу денна Ӏалашдойла цо.
.
8 cХӀунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуьца, ткъа Со даим хир вац шуьца».
Copyright information for CheCAC2012