aЗабур 117:25, 26.
John 12:12-19
Ӏийса декъалварца Ярушалайма чувар
(Маттай 21:1-11; Марк 11:1-11; Лака 19:28-40)
12ШолгӀачу дийнахь Пасахь даздан баьхкинчу дукхачу нахана хезира, Ӏийса Ярушалайме вогӀуш ву аьлла. 13 aУьш, хурманийн диттийн гаьннаш карахь а долуш, Ӏийсана дуьхьалбаьхкира. Цара аз айдина маьхьарий деттара: «ХӀашанна! ▼▼ХӀашанна! – иза «кӀелхьардаха!» бохург ду, ткъа цу меттехь «Далла бу хастам!» бохучух терра ду.
Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу
Исраилан Паччахь!»
14Ткъа Ӏийса, цхьа къона вир карийна, цунна тӀе хиира, Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара: 15 c«Ма кхералахь, Цийонан йоӀ! ▼
▼Цийонан йоӀ – Ярушалайм-гӀалара бахархой.
ХӀара хьан Паччахь вогӀу,
къоначу вира тӀе а хиъна».
16Цуьнан мурдаш юьхьанца ца кхийтира цунах. Амма, тӀаьхьа, Ӏийсан сийлалла кхочушхилча, кхийтира уьш, и дешнаш Цунах лаьцна яздина хиларх а, и дерриг а Цунна дина хиларх а. 17Хьалха Цо ЛаӀзар къуббанна чуьра схьакхайкхинчу хенахь а, Цо иза веллачуьра денвинчу хенахь а Ӏийсаца хиллачу наха цунах тоьшалла дора. 18Ӏийсас оцу тамашийначу гӀуллакхан билгало яр хезна, Цунна дуьхьалбаьхкира нах. 19Парушхоша вовшашка бохура: «Гой шуна, вай-м хӀумма а дан ца ларий? Ткъа дерриг дуьне а Цунна тӀаьхьахӀуттуш ма лаьтта!»
Copyright information for
CheCAC2012