‏ John 13:12-15

12 aМурдийн когаш билина а ваьлла, Шен бедар схьа а эцна, Ӏийса юха а Шен метте дӀатевжира. Ткъа мурдашка Цо элира: «Хаьий те шуна Ас шайна динарг хӀун ду? 13Аша Сох „Устаз“а, „Веза Эла“а олу, иза нийса олу аша, Со Иза ван а ву. 14Иштта, шун Веза Эла а, Устаз а воллушехь, Аса а шун когаш билча, аша а била беза вовшийн когаш. 15Аса масал гайтира шуна. ХӀинца Ас шайна диннарг шуьга вовшашна а дайтархьама.
Copyright information for CheCAC2012