‏ John 18:28-32

Ӏийса Пулатана хьалха схьавалаво

(Маттай 27:1, 2, 11-14; Марк 15:1-5; Лака 23:1-5)

28Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гӀишлона чу вигира Ӏийса. Цу хенахь Ӏуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гӀишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама. 29ГӀишло чуьра араваьллачу Пулата динан куьйгалхошка хаьттира: «Кху стагана дуьхьал баккха хӀун бехк балабо аша?»

30Цара, жоп луш, элира: «Цо зулам ца динехьара, хьан кара дӀавелла хир вацара оха Иза».

31ТӀаккха Пулата элира цаьрга: «Аша, Иза дӀа а эций, шайн Ӏедало ма-бохху, кхел е Цунна».

Динан куьйгалхоша элира: «Тхуна цхьанна а веран кхел яр кхочушдан ца магадо».

32 aИза хилира Ӏийсас Шен валар муха хир ду дӀахоуьйтуш аьлла долу дешнаш кхочушхилийтархьама.
Copyright information for CheCAC2012