‏ John 18:28-38

Ӏийса Пулатана хьалха схьавалаво

(Маттай 27:1, 2, 11-14; Марк 15:1-5; Лака 23:1-5)

28Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гӀишлона чу вигира Ӏийса. Цу хенахь Ӏуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гӀишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама. 29ГӀишло чуьра араваьллачу Пулата динан куьйгалхошка хаьттира: «Кху стагана дуьхьал баккха хӀун бехк балабо аша?»

30Цара, жоп луш, элира: «Цо зулам ца динехьара, хьан кара дӀавелла хир вацара оха Иза».

31ТӀаккха Пулата элира цаьрга: «Аша, Иза дӀа а эций, шайн Ӏедало ма-бохху, кхел е Цунна».

Динан куьйгалхоша элира: «Тхуна цхьанна а веран кхел яр кхочушдан ца магадо».

32 aИза хилира Ӏийсас Шен валар муха хир ду дӀахоуьйтуш аьлла долу дешнаш кхочушхилийтархьама. 33ТӀаккха Пулата, юха а гӀишло чу а вахана, Ӏийса шена тӀе а кхайкхина, хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?»

34Ӏийсас жоп делира: «Хьайгара боху те ахьа иза, я кхечара аьлла те хьоьга Сох лаьцна?»

35Пулата, жоп луш, элира: «Жуьгти ву ткъа со? Хьан халкъо а, динан коьртачу дайша а схьавелла-кх Хьо сан кара. Ахь хӀун дина?»

36Ӏийсас жоп делира: «Сан Пачхьалкх кху дуьненара яц. Нагахь Сан Пачхьалкх кху дуьненара елахьара, Сан ялхой, Со динан куьйгалхойн кара ца вахийта, Сан дуьхьа летар бара. Ткъа хӀинца Сан пачхьалкх кхузара яц».

37ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Хетарехь, Хьо хӀетте а Паччахь ву-кх?»

Ӏийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугӀу Сан озе».

38Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хӀун ду?»

Ӏийса вен кхел йо

(Маттай 27:15-31; Марк 15:6-20; Лака 23:13-25)

Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тӀевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хӀума ца го суна.
Copyright information for CheCAC2012