John 18:3-11
3Иштта ЯхӀуд а веара цига, шеца римхойн тӀемалойн тоба а, динан коьртачу дайша а, парушхоша а хьовсийна гӀаролхой а балош. Церан карахь стогарш а, цӀераш латийна хаьштигаш а, герз а дара. 4Ткъа хьалххе дуьйна а Шех хин дерг хууш волчу Ӏийсас, хьалха а ваьлла, элира цаьрга: «Аша мила лоьху?» 5Цунна жоп делира: «Назартера Ӏийса лоьху», – аьлла. ТӀаккха Ӏийсас элира: «Со ву-кх Иза». Ткъа баьхкинчаьрца лаьтташ Ӏийсана ямартло еш волу ЯхӀуд вара. 6Ӏийсас «Со ву Иза» аьлча, уьш берриш, юха а бевлла, лаьтта охьаийгира. 7ТӀаккха Ӏийсас юха а хаьттира цаьрга: «Аша мила лоьху?» Цара жоп делира: «Назартера Ӏийса», – аьлла. 8Ткъа Ӏийсас элира: «Ас элира шуьга, Со ву И, аьлла. Нагахь аша Со лехахь, хӀорш, Ӏадбитий, дӀабахийта». 9Иштта кхочушхилира Ӏийсас аьлла дешнаш: «Ахь Суна беллачех Ас цхьа а ца вайина». 10ТӀаккха шегахь тур долчу ШамӀа-Кипас, иза баттара а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочунна тур а тоьхна, цуьнан аьтту лерг тӀерадаьккхира. Оцу ялхочун цӀе Малх яра. 11 aӀийсас Кипе элира: «Батта чу дилла хьайн тур. Сайн Дас мала аьлла белла баланийн кад ца молуш Ӏийр вара ткъа Со?»
Copyright information for
CheCAC2012