‏ John 18:3-12

3Иштта ЯхӀуд а веара цига, шеца римхойн тӀемалойн тоба а, динан коьртачу дайша а, парушхоша а хьовсийна гӀаролхой а балош. Церан карахь стогарш а, цӀераш латийна хаьштигаш а, герз а дара.

4Ткъа хьалххе дуьйна а Шех хин дерг хууш волчу Ӏийсас, хьалха а ваьлла, элира цаьрга: «Аша мила лоьху?»

5Цунна жоп делира: «Назартера Ӏийса лоьху», – аьлла.

ТӀаккха Ӏийсас элира: «Со ву-кх Иза».

Ткъа баьхкинчаьрца лаьтташ Ӏийсана ямартло еш волу ЯхӀуд вара.
6Ӏийсас «Со ву Иза» аьлча, уьш берриш, юха а бевлла, лаьтта охьаийгира.

7ТӀаккха Ӏийсас юха а хаьттира цаьрга: «Аша мила лоьху?»

Цара жоп делира: «Назартера Ӏийса», – аьлла.

8Ткъа Ӏийсас элира: «Ас элира шуьга, Со ву И, аьлла. Нагахь аша Со лехахь, хӀорш, Ӏадбитий, дӀабахийта».

9Иштта кхочушхилира Ӏийсас аьлла дешнаш: «Ахь Суна беллачех Ас цхьа а ца вайина».

10ТӀаккха шегахь тур долчу ШамӀа-Кипас, иза баттара а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочунна тур а тоьхна, цуьнан аьтту лерг тӀерадаьккхира. Оцу ялхочун цӀе Малх яра. 11 aӀийсас Кипе элира: «Батта чу дилла хьайн тур. Сайн Дас мала аьлла белла баланийн кад ца молуш Ӏийр вара ткъа Со?»

Ӏийса динан коьртачу дена хьалха валавар

12Цул тӀаьхьа тӀемалоша а, церан коьртачу хьаькамо а, динан куьйгалхоша схьабахкийтинчу гӀаролхоша а Ӏийса, схьа а лаьцна, дӀавихкира.
Copyright information for CheCAC2012