John 18:33-38
33ТӀаккха Пулата, юха а гӀишло чу а вахана, Ӏийса шена тӀе а кхайкхина, хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» 34Ӏийсас жоп делира: «Хьайгара боху те ахьа иза, я кхечара аьлла те хьоьга Сох лаьцна?» 35Пулата, жоп луш, элира: «Жуьгти ву ткъа со? Хьан халкъо а, динан коьртачу дайша а схьавелла-кх Хьо сан кара. Ахь хӀун дина?» 36Ӏийсас жоп делира: «Сан Пачхьалкх кху дуьненара яц. Нагахь Сан Пачхьалкх кху дуьненара елахьара, Сан ялхой, Со динан куьйгалхойн кара ца вахийта, Сан дуьхьа летар бара. Ткъа хӀинца Сан пачхьалкх кхузара яц». 37ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Хетарехь, Хьо хӀетте а Паччахь ву-кх?» Ӏийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугӀу Сан озе». 38Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хӀун ду?»Ӏийса вен кхел йо
(Маттай 27:15-31; Марк 15:6-20; Лака 23:13-25)
Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тӀевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хӀума ца го суна.
Copyright information for
CheCAC2012