‏ John 18:39-40

39Пасахьан дийнахь гуттара а деш цхьа хӀума ма ду шун: тутмакхех цхьаъ паргӀатвоккхуьйтуш. Иштта, ас хӀара жуьгтийн къоман Паччахь дӀахеца лаьий шуна?»

Цара маьхьарий хьаькхира: «ХӀара ма хеца, Барраб схьахеца», – аьлла. Ткъа Барраб талорхо вара.40

‏ John 19:1-16

1ТӀаккха Пулата омра дира, Ӏийса дӀа а вигий, Цунна шодмаш етта аьлла. 2Ткъа тӀемалоша, коканийн коьллех кочар
Кочар – паччахьан таж санна.
а дуьйцина, иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира. Ткъа Ӏийсана цӀен бос болу оба
ЦӀен бос болу оба – иштта обанаш паччахьаша тӀеюхуш хилла.
тӀекхоьллира.
3Цул тӀаьхьа, Ӏийсана тӀе а хӀуьттуш, наха олура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» ТӀаккха цара Цуьнан юьхь тӀе еттара.

4Юха а араваьлла, Пулата элира цаьрга: «ХӀинца аса аравоккху ХӀара шуна хьалха, сайна Кхуьнгара даьлла цхьа а бехк болу хӀума ца карийна аьлла, шуна хаийтархьама». 5ТӀаккха, коьрта тӀехь коьллех дуьйцина кочар а долуш, тӀе цӀен духар дуьйхина волу Ӏийса гӀишло чуьра аравелира. Пулата нахе элира: «ХӀара ву и Стаг».

6Ӏийса шайна гича, динан коьртачу дайша а, гӀаролхоша а маьхьарий хьаькхира: «ЖӀарах дӀатоха Иза! ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш.

ТӀаккха Пулата элира цаьрга: «Схьа а эций, шаьш дӀатоха Иза, хӀунда аьлча суна Цуьнгара баьлла цхьа а бехк ца го».

7Ткъа динан куьйгалхоша элира Пулате: «Тхан товрат-хьехамаш бу, цу хьехамашца доьзча, Иза вала веза, Цо Ша Делан КӀант ву боху дела».

8Пулатана и дешнаш хезча, иза кхин тӀе а кхеравелира. 9Цо, юха а гӀалин гӀишло чу а ваьлла, Ӏийсага хаьттира: «Хьо мичара ву?» – аьлла. Ткъа Ӏийсас цуьнга жоп ца делира. 10ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Соьга а эр дацара Ахьа? Ткъа Хьуна ца хаьа, сан карахь дуйла, сайна лаахь, Хьо дӀахеца а, сайна лаахь, Хьо жӀарах дӀатохийта а?»

11Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Суна тӀехь цхьана а тайпана олалла хир дацара хьан, хьуна иза лакхара делла дацахьара. Ткъа цундела Со хьоьга дӀавеллачунна тӀехь кхин а сов къа ду».

12Цу хенахь дуьйна Пулат Ӏийса дӀахеца бахьана лоьхуш вара. Амма наха, маьхьарий хьоькхуш, бохура: «Нагахь ахьа Иза дӀахецахь, хьо Рим-мехкан паччахьан доттагӀа вац. Муьлхха а шех паччахь веш верг Рим-мехкан паччахьан мостагӀа ву».

13И дешнаш хезча, Пулат, Ӏийса ара а ваьккхина, Литхьасторта олучу, Ӏебархойн маттахь Габбата цӀе йолчу меттигехь кхел ян охьахиира. 14И дерриге а пӀераскан дийнахь дара, Пасахьан деза де хила дезачу кӀирнах. Делкъахан а яра цу хенахь. ТӀаккха: «ХӀан, ХӀара ву шуна шун Паччахь!» – элира Пулата нахе.

15ТӀаккха цара маьхьарий хьоькхура: «ДӀаваккха Иза! ДӀаваккха! ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш.

Пулата элира цаьрга: «Ва шун Паччахь жӀарах дӀатоха веза ас?»

Динан коьртачу дайша жоп делира: «Вац тхан кхин паччахь Рим-мехкан тхешан паччахь воцург».

Ӏийса жӀарах дӀатохар

16ТӀаккха Пулата цаьрга дӀавелира Ӏийса, Иза жӀарах дӀатохийтархьама. Иштта Ӏийса, схьа а лаьцна, дӀавигира цара.
Copyright information for CheCAC2012