aЗабур 21:19.

‏ John 19:17-27

17Ша бахьа беза жӀаран бӀогӀам ги а боьллина, «туьтанан меттиг» олучу меттиге дӀаволавелира Ӏийса (Ӏебархойн маттахь и меттиг «Галгатхьа» олуш ю). 18Цигахь Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира цара. Ӏийсаца цхьаьна кхин а ши стаг вара жӀарех дӀатоьхна, Ӏийса юккъехь а волуш, Цунна дехьа а, сехьа а агӀор. 19Пулата, дечиган уьнан юьхкана тӀе йоза а яздина, иза жӀаран бӀогӀам тӀе дӀатохийтира. Цу тӀехь яздина дара: «Назартера Ӏийса, жуьгтийн къоман Паччахь».

20И яздина дерг дукхах болчу наха дийшира, хӀунда аьлча Ӏийса жӀарах дӀатоьхна йолу и меттиг гӀалина генахь йоццуш яра. И яздинарг кхаа маттахь дара: жуьгтийн, римхойн, грекийн меттанашкахь.

21Динан коьртачу дайша элира Пулате: «Иштта ма язде „Жуьгтийн къоман Паччахь“, – аьлла. Амма язде иштта: „Цо боху, Со Жуьгтийн къоман Паччахь ву“».

22Пулата элира: «Ас яздинарг яздина даьлла».

23Ӏийса жӀарах дӀатоьхна бевлча, тӀемалоша Цуьнан тӀеюху хӀуманаш схьа а эцна, уьш деа декъе йийкъира, хӀора тӀемалочунна цхьацца дакъа а луш. Ӏийсан чухула юху еха коч а яра цигахь. И коч тегна а йоцуш, лакхара охьакхаччалц, дийнна кӀадих йина яра. 24 aТӀаккха тӀемалоша вовшашка элира: «ХӀара коч этӀор яц вай. ХӀокхунна кхаж а тесна, и хьанна кхочу хьовсур ду вай».

Дерриг а иштта хила а хилира, Делан Йозанашна тӀехь яздинарг кхочушдеш: «Цара вовшашлахь йийкъира Сан тӀеюху хӀуманаш,
кхаж а тесира цара, Сан коч хьанна кхочу хьожуш».

ТӀемалоша иза иштта дан а дира.

25Ӏийса дӀатоьхначу жӀарана уллохь лаьтташ бара Ӏийсан нана а, ненан йиша а, Кхалайпан зуда Марем а, Магдалера Марем а. 26ТӀаккха Ӏийсас, Шен нана а, цунна юххехь лаьтта, Шена къаьсттина дукха везаш волу мурд а гина, нене элира: «Нана, хӀара хир ву хьан кӀант». 27Цул тӀаьхьа мурде а элира Цо: «ХӀара хьан нана ю». Цу сахьтехь дуьйна шеца ша волчу дӀайигира цу мурдо иза.
Copyright information for CheCAC2012