‏ John 19:38-42

Ӏийсан дӀаволлар

(Маттай 27:57-61; Марк 15:42-47; Лака 23:50-56)

38Цул тӀаьхьа Рамат цӀе йолчу гӀалара а волуш, динан куьйгалхойх ша ца вахьарна, Ӏийсан къайлаха мурд а волуш волчу Юсупа Пулате дийхира, Ӏийсан дегӀ жӀара тӀера схьадаккха шена бакъо ялар. Пулата и дан бакъо елира Юсупна. ТӀаккха цо, вахана, и дегӀ жӀара тӀера схьадаьккхира. 39 aХьалха, буьйсанна Ӏийса волчу а оьхуш, Цуьнца къамел дина волу Нукха-Деми веара Юсупца цига. Нукха-Демис шеца кхузткъе итт герка гергга хаза хьожа йогӀу деза хьакхарш а, сарап олу молха а, цхьаьна а тоьхна, схьадеанера. 40Цара, Ӏийсан дакъа схьа а эцна, Иза хаза хьожа йогӀу хьакхарш хьаькхна долчу кӀади юкъа хьарчийра, жуьгтийн Ӏедалехь стаг дӀавуллуш ма-дарра.

41Ӏийса жӀарах дӀатоьхначу меттигна юххехь беш яра. Цу бешахь яьккхина, шена чу хӀинца а цхьа а виллаза къубба яра. 42И дерриг а жуьгташа шоьтан денна кечам беш долу пӀераскан дийнахь долу дела а, и къубба генахь йоцу дела а, Ӏийса цу чу виллира.
Copyright information for CheCAC2012