‏ John 2:1-11

Кхана-юьртахьа зуда ялийна меттиг

1ТӀаккха кхоалгӀачу дийнахь Галилай-махкара Кхана-юьртахь зуда ялош хӀоттийна той дара. Ӏийсан нана а яра цигахь. 2Цига кхайкхина бара Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а. 3ТӀаккха, той дӀа а дохале, чагӀар чекхдолу а гина, Ӏийсан нанас элира Цуьнга: «ЧагӀар чекхдели-кх кхеран».

4Ткъа Ӏийсас элира: «Нана, Суна тӀе хӀунда дуьллу ахьа и гӀуллакх? Сан хан хӀинца а тӀееана яц».

5ТӀаккха ялхошка нанас элира: «Цо шайга де аьлларг дерриг а де».

6Цигахь лаьтташ тӀулгах йина ялх кхаба яра. Цу кхабанаш чу иттех-пхийттех саьхьан барам хиллал хи тарлора. Жуьгташа куьйгийн цӀанонна а, юург лелочу пхьегӀашна а лелош дара и хи. 7Ӏийсас ялхошка элира: «И кхабанаш хих юза». Цара уьш тӀеххалц хих юьзира. 8ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас цаьрга: «Кхаби чуьра чагӀар а доттий, иза той дӀакхоьхьуш волчуьнга кховдаде». Ялхоша чагӀар тӀедаьхьира. 9Той дӀахьочо чагӀарх чам баьккхира. Ткъа и чагӀар хих даьккхина дуй ялхошна бен ца хаьара. ТӀаккха той дӀахьочо зудаялийнарг шена тӀекхайкхира. 10Зудаялийначуьнга цо элира: «Массара а хьалха дика чагӀар ло мала, ткъа нах бехначул тӀаьхьа вониг ло. Ахь дика чагӀар хӀинццалц ма-латтийна?»

11Иштта Галилай-махкара Кхана олучу юьртахь дӀадолийра Ӏийсас тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гайтар. Шен Делера болу олаллин ницкъ гайтира Цо, тӀаккха тийшира Ӏийсах Цуьнан мурдаш.
Copyright information for CheCAC2012