a Арадаккхар 12:1-27.

‏ John 2:13-22

Делан цӀийнан керт цӀанъяр

13 a«Пасахь» олу жуьгтийн деза де тӀедогӀуш дара. ТӀаккха Ӏийса Ярушалайме веара. 14Делан цӀийнан керта веача, цигахь Ӏийсана гира стерчий а, уьстагӀий а, кхокхарчий а духкуш берш. Ахчанаш хуьйцуш берш а бара цу кертахь хиъна Ӏаш. 15ТӀаккха тӀийрагех муш а бина, уьш массо а аралаьхкира Ӏийсас шайн уьстагӀашца а, стерчашца а. ГӀопастанаш дӀа а карчийна, ахча хуьйцучеран ахчанаш а охьаэгийра Цо. 16Кхокхарчий духкучаьрга а элира Ӏийсас: «ДӀадаха хӀорш кхузара! Ма диэ Сан Ден цӀийнах йохкаэцаран цӀа!»

17 bТӀаккха Ӏийсан мурдашна Делан Йозанаш тӀехь яздинарг дагадеара: «Хьан цӀийне болчу хьагамо Сан кийра багабо».

18Цунна дуьхьал динан куьйгалхоша элира Ӏийсага: «Иштта хӀума дан хьайн олалла дуй хоуьйтуш хӀун тамашийна билгалонаш гойтур яра Ахь тхуна?»

19 cӀийсас жоп делира царна: «Аш хӀара Делан цӀа дохаде, ткъа Ас кхаа дийнахь дина дӀахӀоттор ду иза», – аьлла.

20ТӀаккха динан куьйгалхоша элира Цуьнга: «ХӀара Делан цӀа шовзткъе ялх шарахь дина дӀахӀоттийна, ткъа Ахь кхаа дийнахь дӀахӀоттор ду иза?»

21Амма Ӏийсас Делан цӀийнах лаьцна бохург Шен дегӀах лаьцна бохург дара. 22Ӏийса веллачуьра денвича, Цуьнан мурдашна Цо аьлла и дешнаш дагадеара. ТӀаккха тийшира уьш Делан Йозанех а, Ӏийсан дашах а.
Copyright information for CheCAC2012