‏ John 20:11-18

Ӏийсас Ша Магдалера Маремана гайтар

(Маттай 28:9, 10; Марк 16:9-11)

11Ткъа Марем къуббанна уллохь йоьлхуш лаьттара. Йоьлхуш йолу иза къуббанна тӀе охьатаьӀира. 12Цу хенахь Маремана, тӀехь кӀайн хӀуманаш а йолуш, хиъна Ӏаш ши малик гира: царах цхьаъ коьртехь, важа когашкахь дара Ӏийса охьавиллина хиллачу меттехь. 13ТӀаккха цара Мареме элира: «Зуда! Хьо хӀунда йоьлху?»

Марема жоп делира: «Сан Веза Эла дӀа а ваьхьна, Иза мичахь охьавиллина сайна ца хаьа дела, йоьлху со».

14И аьлла, Марем юхахьаьжча, лаьтташ волу Ӏийса гира цунна. Маремана ца хаьара Иза Ӏийса вуйла. 15Ӏийсас элира цуьнга: «Зуда, хьо хӀунда йоьлху? Ахьа мила лоьху?»

Ткъа Марема, Иза бешахо ву моттаделла, элира Цуьнга: «Сан ваша, Иза ахьа дӀаваьхьнехь, алахь соьга, ахьа Иза мича охьавиллина, аса Иза схьаоьцур вара».

16Ӏийсас элира цуьнга: «Марем!»

Ткъа Марема, юха а йирзина, арамхойн маттахь элира Цуьнга: «Раббуни!» (иза «Устаз» бохург ду).

17ТӀаккха Ӏийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хӀунда аьлча Со хӀинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тӀе а гӀой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тӀе а, Сайн Далла а, шун Далла а тӀе хьалаволу Со“». 18ТӀаккха Магдалера Марема, яхана, мурдашка дӀахаийтира шена Веза Эла гар а, Цо шега аьлларг а.
Copyright information for CheCAC2012