‏ John 20:19-23

Ӏийса мурдашна гар

(Маттай 28:16-20; Марк 16:14-18; Лака 24:36-49)

19Оцу кӀирандийнахь, суьйранна, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна, неӀ дӀакъевлина уьш Ӏаш болуш, чу а ваьлла, юкъаметте дӀа а хӀоьттина, Ӏийсас мурдашка элира: «Машар хуьлда шуьца!» 20И аьлла, Шен куьйгаш а, агӀо а гайтира Цо. Веза Эла гича, чӀогӀа хазахеттера мурдашна. 21ТӀаккха юха а элира Ӏийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!» 22И аьлла, Ӏаь а тоьхна, Ӏийсас элира: «ДӀаэца Делан Са. 23 aНагахь аш адамийн къиношна гечдахь, уьш царна тӀера дӀадевр ду, ткъа нагахь аша и къиношна геч ца дахь, уьш царна тӀехь дуьсур ду».
Copyright information for CheCAC2012