‏ John 6:1-14

Пхи эзар стаг вузор

(Маттай 14:13-21; Марк 6:30-44; Лака 9:10-17)

1Цул тӀаьхьа Галилай-Ӏоман дехьа болчу берда тӀе вахара Ӏийса. Цу Ӏомах Тхьабара-Ӏам олу кхечу тайпана. 2Дукха адам тӀаьхьахӀоьттира Ӏийсана, хӀунда аьлча царна гина хилла Цо цомгушчарна тӀехь йина тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш. 3Цкъа, лам тӀе а ваьлла, цигахь Шен мурдашца Ӏаш вара Иза. 4Ткъа тӀедогӀуш дара «Пасахь» олу деза де. 5Юхахьаьжча, Ӏийсана гира Шена тӀаьхьахӀоьттина догӀу дукха адам. ТӀаккха Пилапе хаьттира Цо: «И адамаш дузо бепиг мичара оьцур дара вай?» – аьлла.

6Иза Пилап зерхьама элира Ӏийсас, ткъа Цунна Шена хаьара Ша дан леринарг.

7«Царна хӀоранна кӀез-кӀеззиг бепиг кхачийта а, ши бӀе динари ахча а тоьур дац-кх», – аьлла, жоп делира Пилапа.

8Ткъа Цуьнан мурдех цхьаммо, ШамӀа-Кипин вашас Ӏандара, элира Ӏийсага:

9«Кхузахь цхьа кӀант ву, цуьнгахь мекхан демах бина пхи хьокхам а, ши чӀара а бу. Амма цунах хӀун хир ю кху халкъана?»

10ТӀаккха Ӏийсас элира: «Охьаховшабе и нах». Иза йоккха меттиг яра, хьалаяьлла дуккха а буц а йолуш. Цу тӀе пхи эзар стаг охьахиира. 11Ӏийсас, и бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, мурдашка дӀакховдийра, ткъа цара иза охьахевшинчарна дӀадийкъира. Иштта царна деззачул чӀерий а дийкъира. 12Нах буьзначул тӀаьхьа, Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Йисина юьхкаш схьагулъе, цхьа а хӀума эрна ца дайта».

13ТӀаккха и нах яа хӀума йиъна бевлча, царах йисина йолу оцу мекхан деман пхеа баьпкан юьхкаш схьа а гулйина, мурдаша шийтта тускар дуьзира. 14Цул тӀаьхьа, Ӏийсас йина тамашийна гӀуллакхан билгало а гина, наха олура: «ХӀара ву-кх и дуьнен чу ван веза бакъволу Пайхамар».
Copyright information for CheCAC2012