Joshua 1:3-5
3 aШун ког тӀебер болу муьлхха а меттиг Ас дӀало шуна, Мусага Айса ма-аллара. 4Ас шуна къилбехь йолчу яьссачу аренна тӀера къилбаседехь долчу Ливанун лаьмнаш тӀекхаччалц долу латта лур ду. Шун дозанаш малхбалехь долчу сийлахьчу Эпрат-хи тӀера, хьетахойн латта чу а лоцуш, малхбузехь болчу боккхачу хӀорда тӀекхаччалц хир ду. 5 bХьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дӀа а тосур вац Ас.
Copyright information for
CheCAC2012