Joshua 1:6-9
6 aЧӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила. ХӀокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь. 7ЧӀогӀа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Ӏалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тӀера аьтту а, аьрру а агӀор ма верза, тӀаккха айхьа дечу муьлххачу а гӀуллакха тӀехь ларош хир ву хьо. 8Деша хӀара хьехаман тептар массо а хенахь. Дийнахь а, буса а Ӏамаде иза, кху тӀехь яздинарг нийсса кхочушдархьама. ТӀаккха айхьа дечу гӀуллакх тӀехь чӀогӀа аьтто хуьлуш а, чӀогӀа беркат долуш а хир ву хьо. 9Ас тӀедуьллу хьуна: чӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву».
Copyright information for
CheCAC2012