Joshua 10:10-12
10Исраилхошна хьалха эмархой бохийтина, церан дегнаш чу кхерам тесира Везачу Эло. Исраилхойн эскаро ГавӀонехь дукха мостагӀий хӀаллакбира. Юха, царна тӀаьхьабевлла, Байт-Хьорон цӀе йолчу лам тӀе боьдучу новкъахула дӀабахара уьш. Ӏазекхи а, Макхеда а цӀераш йолчу меттигашка кхаччалц, хӀаллакбеш, дӀабигира цара эмархой. 11Исраилхойх бевдда, Байт-Хьорон-лам тӀера эмархой чубевдда боьлхучу хенахь, Везачу Эло стигалара даккхийчу буьртигех йолу къора йиттира царна тӀе, Ӏазекхи уьш дӀакхаччалц. Оцу къоран буьртигаша байинарш алсамо бара, исраилхоша шайн таррашца байиначарал. 12Цу дийнахь ЮшаӀ Везачу Эле кхайкхира. Эмархой исраилхойн кара а белла, ГавӀонехь Везачу Эло цаьрга уьш хӀаллакбайтина де дара иза. ЮшаӀа исраилхошна хьалха элира: «Малх, ГавӀонана тӀехула сацалахь,бутт – Айлон-тогӀи тӀехула!»
Copyright information for
CheCAC2012