Joshua 11:16-23
Нунин кӀанта ЮшаӀа схьадаьхна латтанаш
16Иштта ЮшаӀа схьадаьхна долу латтанаш хӀорш дара: акъарехь а, ерриг а НегӀаб яьссачу аренгахь а долу латтанаш а, ГӀашанера дерриг латта а, малхбалехь долчу лаьмнийн когаш а, Ӏариба-тогӀи а, Исраилан лаьмнаш а, къилбаседехь долчу лаьмнийн когаш а, 17СеӀирна тӀекхаччалц болчу Хьалакх-лома уллора, Хьермон-ломана лахахь йолу, Ливанун-тогӀи чуьра БаӀал-Гадана тӀекхаччалц долу латтанаш а. Церан массо а паччахьаш, схьа а лецна, хӀаллакбира цо. 18Дуккха а хенахь цу паччахьашца тӀом бинера ЮшаӀа. 19Исраилхошца машар бина цхьа а гӀала яцара, шена чохь хьаьвихой Ӏаш болу ГавӀон йоцург. Ерриш а тӀамца схьаяьхна яра уьш. 20 aВезачу Элера дара, уьш, шайн дегнаш а чӀагӀдина, исраилхошна тӀамца дуьхьалбовлар. Исраилхойн и мостагӀий хӀаллакбархьама а, царах къинхетам цабархьама а динера Цо иза. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, хӀаллакбан безара уьш. 21Цу хенахь акъареш тӀехь Ӏаш болу Ӏаьнакхахой хӀаллакбира ЮшаӀа: Хьеврон-гӀалина уллохь а, Дибар-гӀалина уллохь а, Ӏанаб-гӀалина уллохь а, ЯхӀудан а, Исраилан а дерриг а лаьмнаш тӀехь а. Церан гӀаланашца уьш берриш а хӀаллакбира цо. 22Цхьа а Ӏаьнакхахо ца висира исраилхойн лаьтта тӀехь, Ӏази-гӀалаххьий, Гати-гӀалаххьий, Ашдод-гӀалаххьий бен. 23Везачу Эло Мусага ма-аллара, дерриг а латта схьа а даьккхина, исраилхошна шайн тайпанашна юкъахь, дакъош а деш, декъа дӀаделира ЮшаӀа. Цул тӀаьхьа тӀамах садаьӀира лаьтто.
Copyright information for
CheCAC2012